Кадыровс емал вина видео тIехь буддистана тоьхнарг

Кадыров Рамзан.

«Дагестанхоша Москох буддист лаьцна» цIе йолу видео гучуяьлла интернетехь. Цу тIехь шина жима стага хотту кхоалгIачуьнга, буддист ву хьо, олий. Вукхо ша иза хиларх лаьцна жоп делча, цунна бетах хIума туху шиннах цхьаммо.

Хилларг ца лайна Кадыров Рамзана. «Баккъалла а бусалба волчу стага цхьана а хIуманна бехке воцучун гIело йийра яц», - яздина Кадыровс шен telegram-каналехь.