Шпионийн гIирс эцарна, жоьпе озийна полицин хьаькам (видео)

Маршо Радион архивера сурт.

Саратовн регионехь цхьана кIоштан полицин куьйгалхочун когаметта жоьпе озийна, бакъо а йоцуш, къайлаха хаамаш гулбан аьтто бон гIирс эцарна а, иза лелорна а бехке веш.

Талламхоша дийцарехь, 37 шо долчу полисхочо «шпионийн» олу кIолам кепехь бина электронан гIирс эцна хилла, видео а, аудио а дIаязйеш болу.

Аммма и стаг лаьцна Оьрсийчуьрчу Федералан кхерамазаллин сервисан белхахоша, хаам бо sledcomrf.ru сайто.

Бакъонца а доцуш, информаци гулъяр дихкина ду Оьрсийчохь. И бахьана долуш информаци гулйон гIирсех пайда эцар а дихкина ду цигахь. Амма махкал арахьа маьрша юхкуш йолу цхьацца коьчаллаш а, ладугIу а, сурт доккху а гIирсаш оьцу Оьрсийчурча бахархоша, иза мегаш доций а ца хууш.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь иттаннаш нах чубоьхкина Оьрсийчохь цхьацца жима видеокамераш а, микрофонаш а тIехь йолу гIирсаш эцарна. Делахь а цу гIуллакхо ца хийцина уьш эца луучу нехан лаам.