Бексултанов Муса. Бераллера хьан бералла

Your browser doesn’t support HTML5

Бексултанов Муса. Бераллера хьан бералла

Бексултанов Муса

Бераллера хьан бералла

Нанна – Хьавана,

дегагIайгIанца,

бераллерчу безамца а

Юха, мел чIогIа ойлаярах, хьуна хаа а ца хаьа, иза иштта хIунда нисло, дIа хIунда дов, стенга доьду.

Стенга йоьду-кх и марзо, бераллера хьан бералла, да-нана я йиша-ваша, хьо самах (гIенах а тIехь) цаьрца хьирчина барамза хан а…

Нана – дуьне ма хиллера, цхьа а кхерам боцу дуьне: «Ва-а, нана!» – аьлла, мохь тоьхчахьана, массо а хIума дIа а нислуш…

Дегабаамаш а цунна ма буора, бIаьргаш чу буй а хьийзош, кIелдIашхула дIа а хьоьжуш, «хIинц-хIинца» бохуш, «хIинц-хIинца», цо хьастаре са а туьйсуш.

Юха хьаьстича, цо хьаьстича, цхьа дегала везвеш цунна, «а-аъ» бохуш, дIа а гIерташ, марара кхин дIа а ца волуш.

ТIаккха нанас маравоьллича, цо хьаьстича, маракъевлича: «Со кхин хьан вац хьуна… Со иштта дIа а ваьлла, дIагIур ву-кх, дIогахула дIа, гой хьуна?» – бохуш, генна дIа куьг а кхийдош, урамехьа дIа, юьрта йистехьа.

«Вай-й-й, иштта дIаваха воллура хьо, нана а йитина, ахь? Ваха воллура?» – нанас аьлча: «ХIаъ, воллура», – къар ца луш, ненан марахь ветталуш, кхин а, кхин а цуьнга хьуо хьастийта, цунна вазлуш, качлуш цунна.

Юха куьг лаьцна, чувуьгуш («хинтI» аьлла, мара цIанбина, куьг тухуш, чан а яьккхина), вазвала санна, пуьташ буьттуш, айхьа боргIал а эккхийра бохуш, Гуди а хьайх дедира бохуш, нана тIаккха хьох «цецъюьйлуш», «цок-цок» деш, «тамашаш» беш.

И дерриг а дийцина ваьлча – нана «Iехийна», «цецъяьккхина»: «Суна… суна кхаьрзина хIоаш, тIоберам лур буй хIинца?» – бухара цуьнга хьалахьоьжуш, оццалла болу «тIемаш» бича, уьш а муха ца ло, бохуш.

ТIаккха саццане а саца ца туьгуш, юх-юха дуьйцуш, юх-юха, бага юьззина юург а йолуш, куьйгаэшарца сарташ кхуллуш, боккха къерзочу шина бIаьргаца, нана цецъяха, цец а вуьйлуш.

ТIаккха, цул тIаьхьа, воккха хила воьлча я воккха хилча, жима стаг волуш, хIета, цигахь – бераллехь веза ма-верра, везвеш цунна, хьайл доккха хIума кхин ца хеташ, я ца гуш, дац моьттуш.

Нана тIаккха а ма хьийзара: «Нана яла цуьнан, шен нана!» – бохуш, дуьненчохь доцу хIума, хьо бен кхин доцуш санна.

Юха цигара, эццара – жима стаг а хилла, хьо араваьлча – долалора-кх дерриг а дIа, хьан акха са, акха ойла, дуьххьара хьох цIа херлуш, хьо цIийнах, цIарах а цхьаьна.

Иштта, лелла-а цIа вирзича – цхьа мехкаш а, некъаш а кхехьна, – ша йоллу нана ма хуьлура, бухахь хьоьга хьоьжушъерг, бIаьргаш чохь хиш а къегаш, беснеш тIехь цIелла а хьодуш.

Ма хьийзара тIаккха юха а, кад бицлуш, цаца бовш, сих-сиха хьоьга схьа а хьожуш, хьажар а туьлуш, лаца а луш, мацах хьо шен бер хилла, – тахана хьуна иза бер а хеташ, берана санна, Iуналла оьшуш, хьастар оьшуш, леяр.

ТIаккха ахь вай-йн тIе а вахна, букъ а берзийна, цхьаъ-м деш йоллу, букъара схьа мара йоьллича (цаца бужуш, кад Iенаш), бер санна хьох схьахьаьрчара, «хиъ-хиъ» деш, елхар а хьодуш: «Хьо иштта кхин, иштта дукха…» – хьан некхехь юьхь а хьулъеш.

Ахь хаддаза хьостура тIаккха, марара кхин дIа а ца хоьцуш, аганчохь бер санна, хьайн марахь техка а еш.

Шуьша цхьаьний охьахуура, нанас шен гIенаш а дуьйцуш, ша хьежар, сагатдар, механ чинко ков тоьхча а, меттара сема хьала а лелхаш.

Хьан легаш къовлура тIаккха, хиш сацо бIаьргаш а детташ, нана гуттар а марахьарчорца, бIаьргех довха хиш а хьаьлхаш.

Юха кхано, ша меттаеъча, ша йолаелча, елаелча, хьуна юург охьахIоттош, хьуна дуьхьал ша охьахиъча, хаддаза хьан бIаьра хьоьжура, беса-беса кад дехьа тоттуш, буьз-буьзнарг тIехилош, ахь юучух са а ца Iебаш, кхин а яахьара аьлла а хеташ.

Хьо йиъна а, вуьзна а ваьлла, кхин ца юуш, сацавелча: «Нана яла хьан, иштта кIезга…ас йоьхь а ма кхаьрзинера, шелдалале хьажахьа кхуьнга, хIара цхьа дакъа дIакхаллахьа, хьай, хIара цуьрг, хIара… жижиг дуьра хийти хьуна… ахь-м галнаш а ма ца йиъна», – юх-юха а куьг тухуш, и пхьиэгIаш дIаса тоьттуш, цаяьлла уьш дIакхоьхьуш, бIаьра хьоьжуш, хьан бIаьра…

Ма хийлазза гуора-кх хьуна, цкъа Iуьйранна араваьлча, накъосташца машенахь, гIала мел ю хехка а велла, буса-Iуьйкъахь хьо цIа вогIуш, некъо гуола туххучохь машенан серло кхетча, цIийнан маьIIера нана йодуш, ша хьежнийла ца хаийта, сагатдойла, хала дуйла.

Хьо чуваьлча, гIар ца еш (цуьнан хIилла лардан санна), меттара юха меттахъхьовра, хIинцца набарха йолуш санна, бета буьхье куьг а кхийдош: «Хьо ма хьевели… кIант, набкхетта хилла-кх суна… хьажал, вайна маса сахьт даьлла…»

Хьо велало, цо иза аьлча, хан ала а ца хIуттуш: цхьамзано шийтта сахьт гойту я цхьа сахьт, ши сахьт.

Ахь «гIулкхаш» кегадо тIаккха, – дIога, цигара, дехьа-сехьара: «Цига кхечира, кхуза вахара, юха цIеххьана, хьо дагаеъна, хьо саготта хир ю-кх аьлла, буьйса яккха а ца хIуттуш…»

«Буьйса яккхахь, нана яла хьан, ма гIертахь буса цIа… хьуо воьдуш алахьа соьга, ков дIакъовла, алий…»

Иштта, даим а сагатдеш, шух муьлхха а цIахь ца хилча, гуттар а цуьнан «хIумнаш» дуьйцуш, «хьенеха ма-аллара» бохуш, иза хьехош, дагалоьцуш: «Сингатмна лелий со-м», – цхьана меттехь сацар а доцуш.

Юха, сарахь, чу а йирзина, ламазна тIаьхьа вирд даккха хиъча, буса гIожа тIехь котам санна, набарна корта кхийсалуш, самаюьйлуш, шабарш деш: «Иман долуш тIаьхье лолахь… сайн доьзалан вуон ца гуш… цу езчу – пIераскана буса, Хьайна дуьхьал гIазотехь…»

– ХIей, хIинца хIун до ахь? ДIакхачаза ма ду вай! – Шух цхьамма тIе а вахна, езза гIаттош, паднара тIе, букъа тIехьа гIайба а лоцуш, ша халла охьахаийча:

– ЭхI, хьо дегI, сан настарш! Нана яла хьан, гIант а хIоттадой, ши ност цу тIе йиллахьа сан, – юьхь чIицкъашка озайой, голи тIе куьг а хьоькхуш, – гIан гуш Iаш яр-кх со… аш йита-м ца йити… сайн нана а, ваша а гуш… схьавоьлла цхьамма, хIара гуола…

– Со! Со! – бохуш, къийса а луш, тхох хIора а тIехьодура.

– ХIаъ-хIаъ, иштта… жимма меллаша, аьчгах йина ма яц со… Хьенеха дика тухура куьг… Хьенех! – кхойкху меллаша. – Со кхуо вовшахъяккхале, схьаволахьа, нана яла цуьнан…

– Гой хьуна, ас элирий, Хьаби, со вита аьлла… ДIаваьл цигара хьо! – жимахниг велало, тхоьга къайллаха бIаьрг а таIош, ненан настарх куьг а хьокхуш.

Хьо Сибрех, Россехула, хьо дIавахча, цIахь а воцуш:

Сарахь хитIа ца йохуьйту

Буса белхех ца йохуьйту,

КIорни долчу йоьду бохуш,

Лакха юккъе ца йохуьйту…

цхьанхьа и эшар хезча, Маьлха-Аьзнис локхуш хилла: «Хьенехан йиш яц иза тов! ТIетохийша, чIагIъейша», – бохуш, мукъамна тIаьхьа гIийлла йоьлуш, юха йицлуш, дагалоьцуш, бIаьргех дайн-йн куьг Iуттуш, хьо хьехош, хьан цIе йохуш: «Нана яла цуьнан, мичахь ву-кх?» – генарчу хьох ойла хьерчош.

Цхьанхьа-м цхьа эшар екча, хелхаран вота йолаелча: «Же, же, нана, гIатталахь! ХIоррос-тоъ» – бохь бугIуш, хьо хьалххахь, шена хьалхахь, шега хьоьжуш, дIахIоьттича, кIаггара оьхуш, елалой, юха куьйгаш вовшахтухуш: «Сацахьа, кIант, дIавалахьа… жима йолуш хилларг дIа ма даьлла, со хIинца лела ма ца ло», – дуьхьало еш, халла гIоттий, жимма йолалой, ког боккхий, тIаккха хи тIехь нека санна, – бедо ден нека санна, – ког шаршош, куьг хьовзош, хIаваэхь гIезан мас санна, кIайн марха санна, IиндагI санна, ма шершара, ма йолура, шен коьрта тIехь хих буьзна кад лаьтташ санна хеташ.

Тхо хуьлу-уш, даккхий а хилла, цу кертара – бенара гIуьтту тIам кхиъна кIорнеш санна, – цу кертара тхо дIасадевлча, юха несаршца – шен несаршца, улохь кIентан бераш а долуш, тхох цхьаъ веъча, я шиъ, я массо а цхьаьна нисвелча, муьлха-маца хьаста-кх бохуш, цкъа цхьанна тIе, юха вукхунна: «Сан Кумашка, сан Даточка, Хаси ма воккха а хилла, Ибаша санна, хаза а волуш (ИбрахIим велалора, кхара кIега санна, цIийлуш, ши бесни а юсайой)… Айбиша а ю-кх цхьа йоI!» – массеран а цIераш йохуш, хIоранна а дош карош, цхьа юхий, екхалой, нана-котам кIорнешна санна, ма гонахьа хьаьвзара царна, цу берашна, тхуна санна, цкъа маццах тхуна санна.

Ма хуьлура юха баьрчехь, чохь хьийзаш несарий а болуш, цу берийн гIар юкъахь, диванах дIа а таьIий, настарш кIел гIант а хIоттадой, цхьа зевне, йоккха йоьлуш, бIаьргаш чу хиш хIуьттуш, хIара дуьне а, ша а йицлой.

Шу цхьаьна ховшура охьа, баьрчехь Iаш нана а йолуш, воккхахниг цIахь ца хилча, цуьнан метта шайн нус а хаош.

ТIаккха йиъна а, дуьзна а девлла, юха а шу хабаршка девлча, хIорамма а нана хьостура, ша вукхул тола а гIерташ.

КхоалгIачун хIилла тулура: иза ненан кара охьавуьжура: «Коьртах куьг хьакхахьа, нана», – меттахь санна, дIа а нислуш.

«Суна-м дукхах-м Хьенех веза», – жимахчуьнга хьожура нана, цхьана лохчу гIанта а хиъна, вела а воьлуш, Iаш волчу.

«Хьуна бой хьан еара?» – вистхуьлура карахь верг.

«Бой-м ахь еара… со лелорг-м Хьенех ву, со а, шу а – вай дерриш а», – воккхахниг хьахавора цо.

«ХIаъ, лелайо! Цкъа а цIахь хуьлуш воцчу, цо муха лелайо хьо!» – кхоалгIаниг «къар» ца лора, шен бегаш бахбан гIерташ.

«И цIахь сецча хьаха ду, кIант, вайн гIулкхаш ледара хир», – нана дуьхьалтасалора, воккхахволчу шен кIантана забарна дош а ца олуьйтуш.

«ДIатохал, ши кIант, тIараш, – хьо бохь буогIа хIуттура, – хIоррос-тоъ! ГIатталахь, нана, хьан къаналла эккхае вайша».

«ДIаваьл суна хьо! Хьо ву уггар а сийдоцуш, дицделла яц со ахь сайга: «Цхьана коьртана цхьа бIаьрг а тоьур бу», – аьлла.

«ГIоггI» олий, гIовгIа гIоттура, чохь мел верг а велалуш.

Цхьана бIаьрга тIехь марха яра цунна, дикка хилла а ялаза, халла къаьсташ, жимма тасаелла, тIаьхь-тIаьхьа схьа юккъе а шершаш.

«Гуш синтIадам а бац, дохк лаьтта суна хьалхахь, соьга-м пазат а ца яло, со хьанна оьшу бIарзъелча», – цкъа йолаелча, саца ца туьгуш, гуттар а цхьаъ дуьйцура цо, ша боккъал а бIарз а елла, маьнги тIехь йисча санна.

Лоьраша, тIе моссаза юьгу (ахь кхузза йигира иза), собар дан деза олура, марха ерриг а хилла яллалц, операци ян мегар дац, эрна хир ду олий.

Цхьана кIирнах са а тухий, юха а йолалора нана: «Сох хIун до! Со ахстаг бен ма яц, сан бала цхьанна а бац-кх… коьртах хIума кхетча санна ю-кх со, ах Iовдал йолуш санна».

Ахь юха а больнице юьгура иза, цунна синтем хилийта.

Дов юха а долалора, цхьа кIира даьлча я ши кIира, шен цхьаъ бен бIаьрг а бац, ша ахстаг ю, ша оьшуш да а вац, бохуш.

Цхьана Iуьйранна: «Же, же, нана, кечлолахь, хьан бIаьрге хьажийта лоьра тIе даха деза вайша», – аьлла, нана схьа а яьккхина, шуьшиъ гIала охьакхаьчча, лор балха тIе схьаваза вара.

Больница лакхахьуо, айбеллачу гу тIехь лаьттара, бухахь ерриг а гIала а гуш.

Машенаш гуора новкъахь, охьа а, хьала а лелаш йолу.

Цхьана цIечу машенах бIаьрг кхийтира хьан, геннара, ша йогIуш йолчу.

–И дIогара машен гой хьуна, нана? – хаьттира ахь.

–ДIога йогIу цIен машен юьйций ахь? Го дера-кх! – элира нанас, – хIунда хоьтту ахь? – цец а йолуш.

–Деллахь, нана, цхьана коьртана цхьа бIаьрг ма тоьар бар-кх, цIа гIуо вайша, – элира ахь бегаше, – операци муха йоьрзур а ма ца хаьа, – аьлла, иза юхъхьаяккха дагахь.

– Вай, цо хIун дуьйцу, машен ца галла бIаьрзе ма яц со! Ца йоьду дера со-м цIа… со-м хIинца а яха езаш ю… Валол, хьажал, лор схьавеъний, хьо дан гIертарг хаьа суна – хьо со иштта йита воллу, – нана карзахъелира, ахь боккъал а бохуш санна, гIеххьа хьуна оьгIаз а йоьдуш.

Ахь лоьраца барт бира (хьуна вевзаш вара иза), марха хIинца а тIеяза а ю, цо сагатдеш а веънера хьуо, жимма кхера яйтахьа иза вайшинга, олуш.

Лоьро оцу сохьтта, кресло чу, лакхайоккхуш, нана охьа а хаийна, шен куьйгех резинкин каранаш а доьхкина, стоьла йистехь гуш цхьа доккха урс а долуш: «Срочно надо оперировать! Операцию будем делать, бабушка», – элира, генна охьатаьIна, ненан бIаьра а вогIалуш.

– Может, чуть-чуть подождем, подготовиться ей надо, – элира ахь, лор мелла а схьа а озош.

– Нет-нет, срочно, сегодня же! А ты выйди, мешать будешь, – хьоьга а аьлла, дIабаьхьначу лоьро цхьанхьа цхьа пIелг а таIийна, кресло нийса аркъал туьйхира, чохь Iашйолу нана дIа а южуш.

– Я АллахI! – мохь белира нене, – нана бусалбанаш! Ма…ма… ма яйталахь, Хьенех, ма йиллийталахь со уьрса кIел… дIадахийталахь вайша…ца оьшу хьуна… ца оьшу хьуна операци…

– Не надо операцию! Оставь мать! – элира ахь, лор дIа а тоттуш. – Же, гIатталахь, нана, дIадоьду вайша, – нана сихха схьа а яьккхина.

– И ма боьха гIазкхи вара! – элира нанас, шуьшиъ арадаьлча.

– Вайшиъ дика кIелхьараделира хьуна цунах, – элира ахь, – стаг атта схьа ма ца хоьца цара, цкъа шайн каравеъча…

– Суна-м ца оьшу и операци а, со хIун дан йоллу цунах – мел еха а ца хаьа, – элира нанас, – цу тIе хьо бакъ а лоь – цхьана коьртана цхьа бIаьрг тоьар а бу-кх, – аьлла.

Юха кхано, шуьшиъ цIа деъча, ахь иза дIа а дийцина, чIогIа йийлира иза: «Со шек-м яра хьуна цу гIазкхичух, лор иштта ма ца хуьлу», – бохуш, юх-юха а йоьлуш.

ТIаккха ахь аьлла долу и «цхьа бIаьрг» бохург схьа а лаьцна, иза хьуна тIехдеттара: «Хьо-м хьаха ву сий доцуш стаг, ахь-м соьга иштта элира» – бохуш, ша-шена ела а йоьлуш.

ТIаккха иштта, цу забаршца, бегашашца, цхьаъ-шиъ буьйса а яьккхина, шу гIала охьадаха девлча, цхьа гонахьа хьаьвзара иза, цхьа синтем цуьнан бухура, воккхахволчу кIентан несе: «Же, Хьенех, же, кхин хIума яцахь, тIоьрмиг чу тIулг биллий а, хьайн кхиной беса ма бахийталахь, со дIаяьлча… со дIаяллалц бен меттиг яц хьуна церан кхузахь…»

– Вай, Мама, ахь хIун дуьйцу, хIунда яц церан меттиг…

– Ас-м хьо йицъелла йисарна кхоьруш, бохий, тIуо биллиний ахь, жижиг массарна а… Хьенехана дума ма бицбелахь… ванах, кхоьш ма яра сан цхьанхьа, и гIабакхаш а… – хаддаза тIекхоьхьура, багажниг хьалаюьзча, машен чу а йохкуш, – эцца, эцца когаш юкъа охьахIоттийча – гихь яхьа езаш ма яц уьш… сацахьа, кIант, дIавалахьа, – шега IадIе бохучу тхуна цхьаццанна тIе а чевхаш.

Юха бераш хьостура чIогIа, тIаккха несарий, эххар а шух хьаьрчара: «Нана яла шун, вовшашца дика хилалаш, и зударий нехан бу шуна, цаьрга шайн барт ма бохабайталаш, же, варий, ас кхин хIун ала шуьга: бераш даим цхьаьна диталаш, вовшех хьерчаш хилчий бен, нехан марзо а ца хуьлу шуна, мел гергара уьш белахь а».

Генна тIаьхьа арайолура, кевна юххе саца аьлча, боккхачу новкъа охьа а юьйлуш.

Иштта лаьтташ а хуьлура, некъ гуола тухучохь, шу юхахьаьжча, ган а гуш.

Цхьа тамашийна хуьлура тIаккха, са тIаьхьа а дуьсуш, хьуо цхьанхьа воьдуш санна, хIунда воьду а ца хууш, я хIунда ваха веза а.

Юха кхано, охьакхаьчча, буьйса а йоьлла, гIар а тийна, чуьра доьзалш дIа а бийшина, хьо хьуо цхьа Iен висча, дерриг а юха карладолура, и юрт а гуш, урамаш, хьайн бералла, нана а хьайн.

«ХIунда оьшур-кх хIара сал-пал, хIара зударий, бераш – ойла хьодура цIеххьана цхьа, вицвеллачуьра меттавогIуш, – да-нана а, вежарий а, шун марзо а, уьйраш а тIехь кхара жим-жимма артъеш хилча, гена йохуш, херъеш, иштта диса ца мегара, гуттар а цхьаьна, даим а – хIета цигахь, бераллехь, – ма-хьерччара вовшех а хьерчаш, даккхий а деш, дийла а дуьйлуш, цу кертахь, цхьана кертахь, шу даим цхьаьна а долуш…»

Иштта хеташ я моьттуш, шераш девлча я зама, цхьа цIеххьана, валар санна, я дуьне дохар санна, цхьа мохь хезча я орца, хьо генарчу махкахь хуьлу, цIахь боьдуш тIом а болуш.

Телефон туху хьоьга.

Хьо иштта юха латта а вуьсу: «АхI?» – аьлла, хаьттинчохь, кхин дош дIа а ца алалуш.

– Хезий хьуна? – хоьтту хьоьга, – шун нана дIаяьлла… Хьенехе а дIаала… буса цIа кхача ма гIерталаш – вуьйр ву шуьшиъ новкъахь…

Ахь юха цуьнга, воккхахчуьнга (хьуо санна цхьана махкахь волчу), цуьнан аз хезча, Iа а ца лой: «Хьенех, Хьенех! – шозза-кхузза мохь туху…

…ХIун хилла вайна, хIун хилла? – дуьхьал диэка, хиъча санна…

…– Нана…нана яц-кх кхин… дIаяьлла-кх»… – хьайн шабарш хеза хьуна, хьайн хиш хеза, хьайн гIайгIа.

Цо цхьаъ дуьйцу, хьан вашас: «Алло-алло», – мохь а бетташ.

Юха тIаьххье а, кIорда а дой:

«Со тIаьххьарчу кеманца, сахуьллуш дIакхочу хьуна, аэропортехь хилалахь...» – олу цо хьоьга.

«ХIаъ, – олу ахь – хIаъ»

Шуьшинна нана кхин ца го – иза дIаюллу, шу тIекхача аьтто а боцуш: салташа сехьа ца волуьйту, дозанал сехьа, Нохчийчу.

Юха эххар а шуьша дIакхаьчча (ши де а даьлла, кхоалгIачу дийнахь) шуна каш го, ненан каш, цхьана маьIIехь, йисттехь, къилбаседехьа ша лаьтташ.

Барз боккха хуьлу, туо а база, тIуьна, саз латта а гуш.

Юьрта тIехула кеманаш хьийза.

Юрт еса ю, нах дIа а бахана.

Иза цара йийна а хуьлу, цу кеманаша, бомбанаша, нехан бохаро, маьхьарша, лелхуьйтучу цIеноша а.

«ХIара хIун ду? – эр ду цо, – хIун хилла? Шу мича уьду?» – нахана дIа дуьхьал а яьлла, дIауьдучу нахана.

«Вай цIера дохуш ду, шозлагIа а цIера», – цхьаннан мохь, цхьана зудчун.

Нана ца кхуьу, чуьра ара яда, – иза неIаран сагIехь ле, ша кечбинчу тIоьрмига тIехь, нийсса бертал дIа а кхетий.

ДIайолла нах а ца хуьлу: нах бевдда хуьлу, дIабахана.

Масех стаг вовшахкхета, кхечахьара – ярташкара – тIамах бевдда баьхкинарш, кхин дIабаха меттиг а йоцуш, кху юьртахь бисинарш.

______________________

ТIом а дIаболу, нах а ле, кхин а цхьа тIом болало тIаккха, цу юкъахь (шина тIеман) шух масийтта стаг а къаьсташ: ваша а ле, деваша а, дейиша а, цуьнан кIант а, тIаьххьара шух къаьстинарг девешин зуда а йолуш.

_______________________

Иштта, бохийна мохк а болуш, тIемаш а хилла, нах а къаьстина, ярташ а яьгга, уьйраш а йоьхна, вежаршца а, нахаца а воцуш, нана елла исс шо даьлча, – цхьана буса хьо хьуо Iаш, хьан са шех хьаьрчар ду, буобер шен цхьаллех санна.

Юха, мел чIогIа ойла ярх, хьо тIаьхьа а кхуьур вац: дерриг а иштта хIунда нисло, мичахь дов, стенга доьду…

Стенга йоьду-кх и марзо-бераллера хьан бералла, – да-нана я йиша-воша, хьо самах (гIенах а цхьаьна) цаьрца хьирчина барамза хан а…

Шераша я замано,хиламаша я бохамо шайх дешдерг гур ду хьуна: шаьш дицлуш, гена довлуш, шаьш къанлуш, хийцалуш.

Хьо кхетар ву тIаккха (хьуо цхьаллехь цхьаь а висина, бералле хьайн юхахьаьжча), доьзал – иза нана хиллийла, церан марзо, барт церан, церан дуьне, синкъерам, синауьйраш, гергарло, йиша-вошалла, кхерчара – кхерч а.

Хьуна хьайн нана гур ю, цуьнан елар, хабарш цуьнан: «Нана яла хьан!» – хьуо хьоьстуш, цо баьхна долу и дешнаш а.

Хьан бIаьргаш тIунлур ду, логан шад а къовлалуш, дог а дуткълуш, са а лоцуш.

Хьо тIаккха воьлхур ву, хIетахь санна – цу хенахь, – бераллерчу берахь санна, ненан карахь ма-велххара, цуьнан кучахь, марахь цуьнан, цуьнан куьйгаша хьеста а хьоьстуш, цуьнан озо те а веш, бераллера хьайн бералла (хьайн дуьне, воккхавер), нана хилла хиллийла хууш, шераш мел дIаэхарх, зама лестарх, хийцаяларх, иза цхьанхьа дийна мел ю, гуш мел ю, хезаш – хьуо жима бер хиллий а хууш: «Нана яла хьан, сан кIант», – боху цуьнан дешнаш мел диэка…

«ЭхI, нана, сан Хьаби, сан бералла, бIаьсте сан! – мохь гIотту хьан кийрара тIаккха, – маца, мичахь, муьлхачу махка хьодур-кх хьо суна орцах: «Нана яла хьан, сан кIант!» – аьлла, со тIаьххьара – дуьххьара хьаста, со маракъовла, марахьарчо, со велхо, вело цкъа – сан бералла, бералла сан, сан бIаьсте – хьуо а йохьуш, хIета, цигахь, цу хенахь ма-хьасттара со хьаста цкъа, хьайн кучахь, марахь хьайн, хьайн куьйгашца, бIаьрхишца сан».

Сахуьлуш а ца го хьуна, – суна ца гира, сахуьлуш: са серладаьлла ма хиллера, садаьржина, доладелла, цкъа маццах нанас шеца гIиттош хилла малх а гIоттуш…