Оьрсийчоьнан инарла вийна Шемахь

Шема.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедар дина, "Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьал тIом беш, Шемахь Оьрсийчоьнан инарла вийна аьлла. ТААС агенталло бинчу хаамца, иза ву инарла-лейтенант Асапов Валерий. Инарла вийна "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалоша герз тоьхна.

Инарла Асапов хилла Дейр-эз-Зор схьаяьккха гIерташ тIеман операци дIахьочу Шеман пачхьалкхан ницкъийн хьехамча, хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министралла векло.