Нохчийн ши вахархо Ирландин полицин тергонехь ву

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанна ахчанаш латторна шеконехь латтош ву Ирландин полицино Нохчийчуьра ши ваша. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина и хаам.

Еарийдийнахь яздо Irish News агенталло, полицино бахарехь, ерриг тоба 8 стагах лаьтташ ю, церан коьртехь ву масех шо хьалха Ирланди веана Нохчийчуьра ши ваша.

Полицино масийттазза хеттарш деш, левина и шиъ, амма цара террорхошца латто зIенаш бахьанехь цкъа а лаьцна вац.

Полицино даредарехь, оцу тобано ахчанаш кхоьхьуьйту ДаIишхошна Гергарчу Малхбале а, Нохчийчу а. Иштта яхьийта кечлуш бу царна лоьлхуьйтучийн гIирсаш а. Цкъачунна компьютерийн меженаш ю цара дIакхоьхьуьйтуш, бух кечбархьама.

Болчу хаамашца, тобанхой беха Ирландин Малхбузерчу ярташкахь.