Шема воьдучунна ахча даларна набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо

Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхело набахтехь даккха пхи шо тоьхна меттигерчу вахархочунна Султаханов Мохьмадна, цо террорхойн тобан гIолацарна. Шемарчу тIаме ваха гIертачу Устрада-ГIаларчу шен цхьана вевзачунна ахча делла хилла Султахановс стохка.

Цуьнца цхьана бехкево цуьнан ваша а. Бекхталламан гIуллакх айдинера шина а вешина дуьхьал кху шеран бIаьста.

Султаханов Мохьмад бехкехилар тIечIагIдина, кхело шен сацам бовзийтина, цуьнан вешин гIуллакх кхачо йоллуш талла долийна кхи дIа.