Нохчийчуьрчу некъахьовзамехь кхелхина машенлелорхо

Маршо Радион архивера сурт.

Некъахьовзам хилла кхаариндийнахь Шелковскойн кIоштахь, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Ищерскера ГIизлар-гIала боьдучу новкъахь 58 шо долчу стага тIетоьхна ша урхалла деш хилла ВАЗ машен, цIехххьара дуьхьал иккхинчу бежанна.

И бахьана долуш вуно еза чевнаш хилла цунна. Каргалинскера кIоштан дарбанан хIусаме вуьгуш кхелхина иза.