Газ иккхина 7 стаг вагийна Гуьмсехь

Архивера сурт.

Газ иккхина Гуьмсехь нехан хIусамехь. И бахьана долуш вагийна 7 стаг. Царах 5 бер ду. Бохам хилла Лоенова цIарахчу урамехь.

Чевнаш хилларш дIабигина Соьлж--ГIаларчу 4-чу дарбанан хIусаме. Церан дахар кхерамехь дац.