Экономикан зуламаш дарна 122 стаг жоьпе озийна Нохчийчохь

Нохчийчохь хIара шо доладелчхьана 122 стаг жоьпе озийна экономикан зуламаш дарна, 82 стаг ву коррупци лелорна бехке вина, хаам бо Маршо Радион корреспонденто, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан хьастана тIе а тевжаш.

ХIара шо доладелчхьана цу кепара зуламца ахча доладаккха гIоьртина Нохчийчохь 1813-зза.