Къилбаседа Кавказерчу «Кавказан Имарат» тобанан хьалханча Умаров Докка велла гангрена олу меже яхкаяла йолаялар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина «Росбалт» агенталло, ФСБ-н хьастана тIе а тевжаш. Цо чIагIдарехь, Умаровна чов йина хилла, амма ницкъаллин структурийн белхахоша некъ бихкина хилла цунна лоьрашна тIекхача.
Хьалхо хаамаш баьржира Умаровн дегIан чалхаш карийна ГIалгIайчуьрчу хьунхахь аьлла. ФСБ-но тIечIагIдинера уьш «Кавказан Имаратан» куьйгалхочун хилар.
Маршо Радионо хьалха дийцина ма хиллара, 2014-чу шарахь Кавказан Имаратан векалша Iораяьккхинера Умаров Докка кхалхарх а, дIавуллуш гойтуш а йолу видео. Иза яьккхина де а, Умаров дIавуллу де а ду, цара гайтарехь, 2013-чу шеран гуьйренан Гезгмашин-беттан 7-гIаниг.
Гулбеллачу накъосташа, царех цхьаъ вара тIеман баьчча Саидов МахIран, Умаров дIаволлале, цуьнан дакъа а гойтуш, дуьйцу, юьстахарчу тIемалочо беъна кхача биинчул тIаьхьа велла виъ гIаттамхо шаьш хьалхо дIавоьллина, ткъа Амир царел тIаьхьа, халкъе шена кIинтIера далар а доьхуш, дIавелира, бохуш.
Видео яржийнераа «Хунуфа» а, «Кавказцентр» а сайташа.
Your browser doesn’t support HTML5