Цхьа метр кIорга ло диллина Веданахь

Нохчийчоь -- Ведана. Маршо Радион архивера сурт.

ШолгIа де ду Веданан кIоштахь ло догIу, хаам бо Нохчийчуьрчу хенахIоттаман говзанчаша. Цара дийцарехь, дIаяханчу буса цхьацца меттигашкахь цуьнан кIоргалла яра цхьа метр.

Цу кепара доккха ло диллар бахьана долуш, транспорт лелар сецнера Веданара Соьлж-ГIала а, Макажа а, Дагестане а боьдучу некъашна тIехь. Карарчу хенахь ло дIадоккхуш белхаш ду дIахьош, хаам бо grozny-inform.ru сайто.