Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Хьалха-Мартанарчу яхархочо, 5 беран нанас Такалаева Хедас, бакъйолу цIе Кулсум, социалан машанашкахула бина хIара кхайкхам мехкан куьйгалхочуьнга.
Дийнна кхо шо зама ю иза лоьрийн харцонна дуьхьал яьлла, бакъо лоьхуш лела.
Лоьрийн ледарло бахьанехь тIаьххьарчу шерашкахь доллу гIуллакх охьа а тесна, цомгуш йоI айбина лела иза дуьне мел ду.
Маршо Радионо зIе тесира къоначу ненаца Такалаева Кулсумца.
Унах цIена, жимма сиркхо хьакхаялар бен кхи сингаттам боцчу шен йоIах цхьана буса, заьIапхо хиларх, аьлча а, лоьрийн биэндацаро ярх иштта дийцира нанас.
- Сан йоI дуьххьара 2013-чу шарахь арахь сарралц ловзуш а Iийна, гай лозу шен аьлла, чуеанера. Оха лоьраш а кхайкхина, Соьлжа-ГIаларчу берийн 2-чу поликлинике дIайигинера. Цунна бронхит хиллера, ткъа лоьраша аппендицит ю бохуш, 12 сахьтана юкъахь 7 -зза система хIоттийнера цунна. ДегIах дIаса ца даьржаш и доллу молха чохь тийнера цунна, чуьйрашна а, коьртан хьена а дестар хиллера цуьнан.
Оццул лоьрана со тIеидарх, буьйсанна 3-зза самаяьккхира ас иза, йоIа са ца доьIу сан бохуш. "Мамаша, ахь соьга хIун де боху, бер цомгуш ду" олура цо. Iуьйранна шен белхан хан чекхъяьлча, дIаяхара и лор. ШолгIачу дийнахь реаниматолог кхайкхича, цо шу хIара бер ден гIерташ-м дац аьлла, катоьхна реанимаци чу охьайиллира сан йоI.
ХIинца цуьнан хье 70 процент дийна бац боху, бIаьрса а дайна цуьнан, йистхуьлуш яц, тIехIоьттинарг а ца вевза. ХIора баттахь Питере кхуьйлуш ю тхан иза. ХIоразза а 100 эзар гергга ахча дIадолу тхан иза дIаса лелорийг.
Кхелан-медицинан экспертизано а тIечIагIдира, Кулсуман йоьIан могушалла кхи тIе галъялар лоьрийн бехках хилар. ХIеттахь араиккхинчу Кулсума кхеле елира берийн 2-чу поликлиникан ши лор. Кулсума дуьйцу Октябрск кIошто ша чуеллачу искна дуьхьалоярх а, цул тIаьхьа кхечу кIоштан кхеле арз чудаларх а.
- Оха гIуллакх кхеле деллера. Октябрск кIоштарчу прокуратурано гIуллакх ца луьстуш, дуьхаьло йинера тхуна. Юха Заводской олучу кIоште чуделча, цара зуламан бехктакхаман гIуллакх долйира. ХIинца 3 шо хан ю-кх, цара а кхи кIад а ца деш, гIуллакх сецна лаьтта. Ас мехкан куьйгалхочуьнга гIо доьхуш, аудио яржийнера. Цул тIаьхьа соьга могушаллан министраллера телефон туьйхира, министро шена тIе йола телевидени а ялош элира.
Цу хенахь Ахмадов Муса вара министр, 2015-гIа шо дара и. Цо, Кадыровс шена тIедиллина шун гIуллакхе хьажар, шун йоI аш боххучу меттиге дарба лаха а кхачае аьлла, элира цо. Оха тхайна Китай йига лаьа элира.
ХIетахь министро, сан йоI Iиллинчу дарбан хIусамехь оцу шина лоьро болх барна ша ца кхоьру, аьллера. Кхи цаьргара жоп а ца кхаьчна, тхо тхайн таронашца Германе дахара. Цигахь цхьа шо а даьккхина цIа дирзира тхо. Тхо цIа даьхкича, хиира суна лоьрана таIзар ца динийла. Со кхеле яхара. Цигахь оцу лоьро соьга ца олуш хIума а ца дитира. "Дала кхел йойла хьуна, Дала кхел йина хьуна. Хьо 6 миллион дезаш ю, хьайн цIа дан», бехира соьга. Цуьнца цхьана болх бечо, шена хаьа ша бехке юйла, шена къинтIера довла элира. Ша жоп лур ду шен бехках элира.
Юха оцу лоьран да а, цуьнан гергара нах а баькхира тхан кетIа кхаа машенахь. Шен йоIа болх а бина, кхи дIа а бийр бу, ца байта да а вац аьлла, дIабахара уьш. ХIинца хирургин декъан куьйгалле хIоттийна иза. Кхелан процесс йоьдучу хенахь цхьана шарна дихкинера цунна болх бан.
ХIетте а цкъа балха лелачара ца сецира иза, коьртачу лоьро иза балхара дIаяккха аьлла, кхелан сацам шега кхаьчна бац, цундела бакъо яц элира иза шеггара дIаяккха. ХIинца а цигахь болх беш, дIа Iаш ю-кх иза.
Такалаева Кулсам дуьххьара яц мехкан куьйгалхочуьнга гIо доьхуш кхайкхам бинарг. Дуккха а меттигаш бу ватс апехула Кадыров Рамзане коррупци, хьаькамийн харцо ялхийна а, балхара вохийначо орца дехна а.
Бахархойн аьзнаш-м дIа а кхачадо Кадыровга. Дукхачара са ца оьцу, бакъдерг аьлча, меттигерчу телевизионан эфирашкахь шаьш селхана аьллачунна къурд ала дезаш хуьлу цара. «Со нийса вацара», «суна моьттинера», «тиларчу ваханера», «джин чудоьллера» олий, гечдар доьху цара мехкан куьйгалхочуьнга а, бахархошка а.
Цундела дара сан Кулсуме хаттар дар а, ца кхоьру иза, кхана-лама Iедало тIе а озийна, ша мел дийцинчунна дохко а йоккхуш, махкана хьалха юьхьIаьржахIотторна, хьалхарнаш а санна.
- ЮьхьIаьржа со хIунда хIоттош ю, тхоьгахь медицинан экспертиза а ю, лоьрийн гIалат хиларх кхелан сацам а бу, со юьхьIаьржа хIотта, со аьшпаш буттуш ма яций, доцург дуьйцуш ма яц со.
Я со галъяьлла баха а, тиларчу яхна баха а, дерг долуш ду-кх. Со галъяьлла а яц, я тиларчу яхна а яц. Соьга ца лало-кх оцу зудчуьнга болх байтар. Сан йоI заьIап а йина, сох яша а ца ешаш, со хIокху дуьненна го туьйсуш, акхаяьлла лелаш ю, сайн мел долчух а яьлла.
Кулсуман кхайкхам цкъачунна могушаллин министралле дIа а кхаьчна, цхьацца хеттарш дан кхаарийдийнахь тIе а кхайкхинера иза. Шайн хиллачу къамелех дуьйцуш ю Кулсум.
- Селхана могушаллин министралле тIекхайкхинера тхо. Кхело бина сацам схьагайта шайна аьллера цара. ХIинца адвокатера схьаэца дезаш ду и кехаташ.
Тахана доллу кехаташ а эцна, тIедаха дезаш ду-кх тхо. Ас 3 шой ши бутий кхаччалц, могуш, куьйг лаьцна лелийна йолу йоI 12 сахьатехь инвалид а йина, схьаелла-кх цо. Ши шо хан ма кхайкхийра цунна кхело, амнисти юкъа а яхийтина, ялийтир-кх. Суна ца хаьа, цо шен баккхийчу хьаькамашца уьйраш, зIенаш ю бахара. Цундела хир ду-кх иза болх беш йитар. Цуьнан мел яккхий уьйраш хилча а, низамаш дац вайн лелаш?
Мила ву хьуна улло ваьлла гIо деш, хьан агIо лаьцна, хаьттира Маршо Радионо.
- Бакъдерг аьлча, суна гIо деш сан да а ву, сан ши ваша а ву. Сан марзхойн суна дан гIо а дац. Уьш шаьш а чохь Iен меттиг а боцуш Iаш бу. ХIара со чохь Iаш йолу цIенош а сан дас-нанас дина дара. ЙоI Москох юьгучу хенахь а, сан шина а вашас гIо дира суна. ХIара йоI йоцург а, кхи а 4 бер ду сан. Марнана а могуш яц, иза а ас лелош ю.
Ас и кхайкххам баржийначул тIаьхьа, дукхамма долийнаг ма диталахь бохуш телефонаш ма йиттира соьга. Цхьана зудчо а ма туьйхира соьга, оцу лоьрийн бехках йоI елла шен, цIийндас ца магийтира шена кхеле яла, варийлахь, кхеле ца луш ма йитахьара ахь и лор бохуш.
Германерчу лоьраша тешам, цхьа дегайовхо а йитирий хьуна?
- Германи тхо дахначу хенахь, юьхьанца къаьсттина хала дара. Спортан хIусамехь Iаш, мухIажирийн каппашкахь Iаш, цигахь 4 профессорна тIе кхечира со. Цара декъаза хьал ду элира, хье чуьра пхенаш дакъаделла, уьш юха меттахIитталур дац элира.
Шайн дан хIуммаъ дац элира цара. ХIокху деа шерачохь лазарш оьху сан йоIана, даим а молханаш тIехь латтош ю иза. Цхьа ког 5 сантиметар чуьра арабаьлла, букъатеIера даьIахк а тIеяьллера, цига эчиг йоьллина лоьраша. Ког эха шарна гипс юкъа боьллина. Иза дIаяьккхинчул тIаьхьа, операци ян езаш ю-кх сан иза.
ЙоI заьIап йисина хьан. Боллучу 2-чу поликлиникан лоьрашна таIзар дахь а, уьш набахте хьийсабахь а, балхара бохабахь а хьан йоIана хила гIоле яц. Иза хьалха санна когаш тIе а хIоьттина, кхачо йоллуш могушалла меттахIуттур ю аьлла кхи дIоггара дегайовхо а яц хьоьгахь, хIетте а, айхьа леринарг духаоза дагахь яц хьо?
- Суна хаьа, сайн йоIана гIоле хир йоцийла и лор балахара дIаяккхарх а. Тхо могушаллин министралле тIекхайкхинчу хенахь а элира ас, ас и чуйолла а ца боху, и чуйолларх сан йоIана хила гIоле а яц. Хир юйла хиича, ас и набахте хьажор а яра. Балхара дIа мукъна а яккхахьара иза боху ас.
Со, хьалхара Делан дуьхьа, шолгIа сайн йоьIан дуьхьа цунна къинтIера ер яра, цо сайга цкъа мукъна а къинтера ялар дехнехь, цо ца боху соьга и. Цуьнан метта, "Дала кхел йойла хьуна" бахара цо соьга. Де дийне гIеллуш, цхьа даьIахкаш бен ца йисина сан йоIах. ЧIогIа дакъаза аьлла сан иза.
Сан карахь ша бехкехиларан тоьшаллаш хилча, ша шена ша бехке юйла а хууш хилча, ала мегарий цо соьга, къинтIера яла аьлла. Оцу буса цо суна цхьа реаниматолог кхайкхина хиллехь, тахана сан йоI уьдуш лелаш хир яра.
ГIалаташ масаьргара а юьйлу, уьш нисдо, дерза а до, амма лоьрашкара яьллачу ледарлоно дахар хададо стеган, могашчух заьIапхо а во.
Могушалла ларъечу дуьненаюкъарчу организацин статистикаца, хIора шарахь лоьрийн бехках ле мел лаххара а, 1,5 миллион стаг.
Ткъа лоьрийн бехкхилар кхелехь тIечIагIдан цхьа наггахь волчун бен ницкъ ца тоьа.