Жима стаг вийна машено Несарахь

ГIалгIайчоь. Архивера сурт.

Бохам хилла ГIадужу-беттан 20-чу дийнахь (пIераскандийнахь) Несарахь. ВАЗ-2114 олу машенна урхалла деш хилларг, жимачу стагана тIе машен а тоьхна, къайлаваьлла. Хиллачу чевнех лазийнарг велла дарбанан хIусамехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

ТIаьхьо жимачу стаганна тIетоьхна машен карийна кибарчигийн зоводан гергахь. Цунна урхалла деш хилла стаг лоьхуш бу полисхой.