Зударий а, бераш а далош Шемара кема кхаьчна Соьлж-ГIала

Маршо Радион архивера сурт.

Соьлж-ГIалахь охьадоьссинчу Шемарчу кемана тIехь ду 14 бер а, 7 зуда а, хаам бо Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша. Мел лаххар а цхьа дакъа цу зударех Шема кхаьчна хилла ”Исламан пачхьалкх” олучу тобанах дIакхеттачу шайн хIусамдайшна тIаьхьа, чIагIдо Хроника.инфо сайто, facenews.ua тIе а тевжаш.