Нохчийчуьрчу берийн бешахь кIант валар толлу прокуратурано

Хьалха-Мартанарчу кIоштан ГIойтIарчу «Солнышко» цIе йолчу доларчу берийн бешахь бер даларан хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийна листа.

1, 5 шо долу кIант велла карийна берашна тIехь Iуналла латточу белхахочунна. Талламчаша бахарехь, могушаллица проблемаш йолуш долу и бер, берийн беша эцна хилла лоьрашкара цхьа а могушаллех тоьшалла а доцуш.

Бер даларан бахьанаш а толлуш ду карарчу хенахь.