"Нохчийн йоI муха йоьду шен къомах воцчуьнга?"..

Нохчийн йоI францхочуьнга маре яхар бахьана долуш тайп-тайпана дийцарш даьржина Европехь бехачу нохчашлахь.

Your browser doesn’t support HTML5

"Нохчийн йоI муха йоьду шен къомах воцчуьнга?"..

Цхьаццаболчара неIалташ кхайкхадо и маре динчунна, вукхара бехке во цу зудчун мах беш юккъехIоьттина волу нохчийн имам.

КIеззиг бен бацахь а, бу иштта и хилам объективечу бахьанашца кхето а, цуьнан бухехь нохчийн юкъараллехь яьржина шалхалла а лоруш, цхьаццаболчу наха дуьйцуш дерг цхьаъ долуш, лелош дерг кхин а долуш, шаьш къайлаха лелочунна кхинберш гаррехь бехке а беш, нехан къинош дийцарехь шаьш шайчарех цIанлуш санна а хеташ даьржина Iадат.

Ниццерчу нохчийн-гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо, цу гIаларчу маьждиган имам волу Магомадов Рамзан ву нохчийн йоIана францхочуьнца мах бан резахилла а аьлла, ватсатпехула а, социалан машанашкахула а анонимечу, шайн цIераш хьулйинчу наха юхьаралаьцнарг.

Дуккхаъчу шерашкахь Францехь имам санна вевзаш а, дуккхаъчу чолхечу Iотта-баккхамашкахь маслаIаташ дарца гIарваьлла а волу Магомадовс ша а жоп делира ватсаппехула шена шайн цIераш а, яххьаш а лачкъийна бехкаш дохучарга.

Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь цо дийцира, ша мах бан кхойкхучу хенахь муьлхачу а доьзалан захало дийцина даьлла хуьлуш ду, бусалба Iедалехь маре деш берш ламаз-марха а долуш, Дела цхьаъ белахь шен царна мах ца бан Далла гергахь бакъо яц, бохуш.

„Со Ниццерчу юкъарчу маьждигехь имам ву. Цу чу оьхуш тайп-тайпанчу къаьмнийн нах а бу. И йоI маре яхана волу францхо ламаз деш, дин лелош хиларна сан дан тоьшалла ду. ШариIатаца иза дин лелош бусалба стаг велахь, цуьнца мах бан декхарийлахь ду вай, бусалба агIо схьаэцча. Иза цхьаъ ду.

Важа ду вай вешан Iадаташ а, вешан юккъехь лелаш долу гIиллакхаш а схьаэцча. Шен Iадаташ а лоруш, тIаьхьенан ойла еш волчу цхьанна а вайн вашас кхечу къомах ерг ялор а яц, цхьа а вайн йиша кхечу къомахчуьнга дIа а гIур яц.

Амма вай бусалба нах ду, вай шариIато бохучунна дуьхьал довла йиш яц. Со мах бан вахана, цу доьзалехь шайн барт хилла баьллачул тIаьхьа суо мах бан кхайкхича. И бахьана долуш сайна тIе цхьа а эхь деана аьлла хеташ вац со“, - элира имама.

Нохчийн юкъараллехь боьршачу стаго кхечу къомах зуда ялийча, иза башха къобал ца дахь а, амма цунах дIоггара цхьа а цец ца волу. Амма далатохар санна тIеоьцу вайнехан зудбер кхечу къомахчу стаге маре дахар.

Цундела зударшка хаьттира Маршо Радионо, шуна хIун хета цунах лаьцна аьлла. Францин коьртачу шахьарехь ехачу Балатханова Заргана и хIума шайна тIекхача йиш юйла хаа дезара хийрачу махка шаьш дIабоьлхучу хенахь вайнаха, аьлла хета.

„Суна сайн чуьра доьзалхо кхечу къомахчуьнга дIавахийта а луур дацара, я сайн кIанто кхечу къомах ерг схьаялон а луур дацара. Амма вайна ваьш кхуза схьадогIучу хенахь хаа дезаш хиллера аьлла хета суна, вайн бераш шаьш юккъехь дехачу, кхуьучу меттигашкахь лелош дерг схьаэца гIуртур дуйла“, - аьлла, шен хьажам бовзийтира Балатхановас.

Гуттар а цецъяларца а, къобал ца дарца а жоп делира Москох ехачу Салгириева Миланас.

„Нохчийн йоI муха гIур ю нохчо воцучуьнга суна-м ца хаа, я цуьнца муха Iийр ю, я цуьнга хIун дуьйцур ду?! ХIинца хийла хаза-м хеза суьличуьнга яхна, Iарбочуьнга яхна, вьетнамхочуьнга яхна оли. Со-м яхалур яцара нохчо воцучуьнга, ур-аталла гIалгIайчуьнга а“, юохуш, цецъюьйлу йоI.

Ниццерчу маьждиган имама, дешначу стага Магомадов Рамзана шен Маршо Радиоца хиллачу къамелехь дийцира кхин дIа а, вайнехан зудбераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре эхар – иза вайн юкъараллехь яьржинчу шалхонийн а, харцонийн а тIаьхьало ю бохуш.

„ХIара-м хIинца доладелла дац иштта. Вайн къам дохийна долчу хенахь а нислуш хилла эзарнашна юккъехь цхьаъ-шиъ нислой а кхечаьрга йоьдуш. Цу хенахь камерш ца хилла, ватсапаш а ца хилла, амма хIетахь камерш хиллехь вайна тахана а гуш хир дар вай цецдохуш долу хIумнаш цу заманера. ХIинца жимма гIардаьлла хIара, вай аренца а долуш дела, дуьненан хIума кху аренца алсам а долу дела.

Дуьненан хIумано Iеха во стаг. Къена къанйелла зуда ялайо вайн нохчийн кегийчу наха, цуьнан бахам бу, иза елча цуьнан хIума шена дуьсур ду олий. И санна долу хIумнаш ган а гуш Iаш ду вай-м“, - аьлла, дерзийра шен къамел имама..

Гергарчу хьесапехь Рамзана бохург дара Австрехь ехачу Тасуева Хьавас аьлларг а. Шена гома-м ду нохчийн йоI нохчо воцучуьнга яхар, амма ша йига а, йигча лелон а цхьа а нохчо ца ваьлча, иза бусалба Iедалехь кхечуьнга яхна а маре яхар къобал-м до ша элира цо.