Туркойчохь лецна Къилбаседа Кавказера нах дIабала мегаш бу оьрсашка

Маршо Радион архивера сурт.

Къибаседа Каказера схьаваьлла 31 стаг лаьцна Туркойчохь, хаам бо Кавказ.Реалиино, цу махкарчу хьастана тIе а тевжаш.

Болчу хаамца Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а векалш дагадовларш дIахьош бу и нах Оьрсийчу дIахьажо Iалашо йолуш. Царна депортаци яр доьхуш ю Оьрсийчоь, яздо Кавказ.Реалиино.

Цо яздарехь, туркойн Iедалша лецначарна юкъахь бу Нохчийчохь хиллачу тIамехь дакъалаьцна нах.