Гуьржийчоьнан а, Туркойчоьнан а, Азербайджанан а лидерша 826 километр аьчкан некъ схьабиллина, и кхо пачхьалкх вовшашца хуттуш болу. Цу кепара цу некъо, Оьрсийчоь юьстах а юьтуш, кира а, некъахой а дIасалелон аьтто луш зIе тесна Китайна а, Европана а юкъахь.
"Бакох-Тбилиси-Карс Дарийн олучу боккъачу некъан дакъа ду, вуно мехала ду и проект вайн аьттонашца кхочуш йина хилар», - аьлла туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа цу аьчкан некъан инаугурацин церемонехь. Цигахь иштта дакъалоцуш вара Азербайджанан президент Алиев Илхам а, Гуьржийчоьнан премьер-министр Квирикашвили Георгий а.
Бакохара араяьлла цIерпош, Тбилисехь а соцуш, гуьржийн Ахалкалакехь чIургаш а хуьйцуш, дIагIур ю туркойн Карсе.