Политикан тутмакхийн тептаре язвина 23 кавказхо

Верриг а 120 стаг ву «Мемориал» центран политикан тутмакхийн тептарахь.

Оцу нахах 49 пачхьалкхера юьйлучу харцонашна дуьхьаллаттарна набахти токхуш ву, 71-нна хенаш тоьхна динца доьзна.

Мила ву политикан тутмакх? Европан парламентан ассамблеян № 1900 (2012 шо) резолюцица а догIуш, цхьанна а дина зулам а доцуш, адамна Европан конвенцино луш йолчу политикан, динан я кхечу паргIатонех, маршонех пайдаэцар бахьана долуш, Iедало низамехь доцу шен хьашташ хьалха а даьхна, набахте хьажийначу стагах олу иштта.

«Мемориало» политикан тутмакхийн могIара язбинарш шина декъах бу: дин лело еллачу бакъонех пайдаэцнарна чохьбохкуршший (71 стаг), Iедална резабацар я хетарг маьршша даржорна чохьбохкуршший (49 стаг). Вац оцу категоре хIоттош адаман бос, къам, дин къесторца билгалваьлларг.

«Мемориало» шен сайтехь, Оьрсийчуьра хьал дуьззина мониторинге а эцна, массо а политикан тутмакхаш а бац ша тептаре баьхнарш – уьш пачхьалкхехь кхин а сов бу, ша гойтург политика бахьанехь нах лецар десташ дуйла бен а дац, боху.

Маршо Радионо «Мемориалан» тептарера шаьш къастийна, бовзуьйту политикан тутмакхашла язбина Къилбаседа Кавказера бахархой.

Дешан бакъо бахьанехь набахтешка хьийсийнарш

Багавутдинова Зарема

1968 шарахь Буйнакскехь йина. Бакъоларъярхо. 5 шо хан тоьхна, Самара гIалина гергарчу Северный юьртахь набахтехь ю. Кегий нах Iедална дуьхьал тIом бан кхойкху, аьлла, лаьцна 2013-чу шарахь.

Барыляк Иван

1986 шарахь Ставрополехь вина. Хулиганаллехь бехкевина, ма-доггIу кхелехь шегахьа тоьшаллаш дан а ца вуьтуш. 3 шо хан тоьхна, Ставропол мехкан Кочубеевское юьртахь набахтехь ву 20I5-чу шеран гурахь дуьйна.

Гериев Жалауди

1993 шарахь Шелан кIоштарчу Куьршалой-Эвлахь вина. Майртуьпара ву. Журналист. Лаьцна 2016-чу шеран бIаьста. Наркотикаш лелийна аьлла набахте хьажийна 3 шарна. Доцург буха а диллина, Нохчийчуьрчу Iедалера йийлина харцонаш Iораяхарна чувоьллина лору бакъоларъярхоша. Хан тохкуш ву Нохчийчуьрчу Чернокозоворчу набахтехь.

Коломиец Андрей

1993 шарахь вина Украинехь, вехара ГIебарта-Балкхаройчохь. 10 шо хан тоьхна, лаьцна политикаца, идеологица доьзна нах хIаллакбан воллура, наркотикаш лелош а вара, аьлла, 2015-чу шарахь. Iедало бакъо ца елла кхел нийсонца лело, боху «Мемориало». Краснодарехь, №14 набахтехь ву.

Кудаев Расул

1978 шарахь вина Прохладный гIалина уллерчу Заречный юьртахь. Вехара Нальчикна юххерчу Хасанья юьртахь. Нах байъарна, зулам дан Iалашо йолуш машенаш идорна, терроран талорехь дакъалацарна, герз лелорна, ницкъаша герз даккха гIортарна, Нальчикерчу 2005-чу шеран гIаттамехь дакъалацарна, бехктакхаман кхийолчу артиклшца а бехкевеш, оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба кхайкхийна. Бакъоларъярхоша харцонца лаьцна а, кхеле озийна а лору иза.

Кутаев Руслан

1957 шарахь ТIехьа-Мартанахь вина. Философин Iилманан кандидат, политик. 3 шо 10 бутт хан кхайкхийра цунна набахтехь яккха 2014-чу шарахь. Оцу шеран Чиллан баттахь вайнахана Сталина депортаци ярах лаьцна Соьлж-ГIалахь конференци хIотторна чувоьллина лору бакъоларъярхоша. Ткъа кхело цунна бехкедира наркотикаш лелор. Нохчийчуьрчу Чернокозово набахтехь ву хан токхуш.

Парпулов Петр

1955 шарахь Краснодарна гергарчу Ханская станицехь вина. Сочерчу аэропортехь болх беш волу иза лецира 2014-чу шарахь пачхьалкхна дуьхьал инкарло ярна. 12 шо хан тоьхна. Бакъоларъярхоша боцчу бехканна лаьцна боху. Чохь воллу Тамбов гIаларчу №1 набахтехь.

Смышляев Максим

1982 шарахь Ростовхь вина. 10 хан тоьхна 2016-чу шарахь терроран тохар дан воллучу украинхочунна-кхиазхочунна гIодеш хилла аьлла. Ростоврчу набахтехь ву.

Дин бахьанехь набахте хьийсийнарш

Дин лело елла бакъо талхийна аьлла, набахтешкахь кхобучу нахах «Мемориало» а, дуьненаюкхарчу кхечу адамийн бакъонаш ларъечу хьукматаша а политикан тутмакх лоручу 71-нна юкъахь ву 15 Къилбаседа Кавказера вахархо.

Ахтаханов ТIахIир

1980 шарахь ТIехьа-Мартанахь вина. 11 шо хан тоьхна терроран талор дан кечамбеш хиларна, гIерананца уьйрехь герз кечдарна 2013-чу шарахь.

Балакадашев Инал

1987 шарахь Дагестанерчу Каладжух юьртахь вина. 11 шо хан тоьхна терроран талор дан кечамбеш хиларна, гIерананца уьйрехь герз кечдарна 2013-чу шарахь.

Балакадашев Нурмохьмад

1983 шарахь Дагестанерчу Каладжух юьртахь вина. 11 шо хан тоьхна терроран талор дан кечамбеш хиларна, гIерананца уьйрехь герз кечдарна 2013-чу шарахь.

Исмаилов Шемал

1973 шарахь ХIинжа-ГIалахь вина. Лаьцна 2013-чу шарахь. Бехкевина «Хизб ут-Тахрир аль-Исламин» декъахь а волуш, Iедал даккха кечамбеш хиларна 2013-чу шарахь. 8 шо токхуш ву набахтехь.

Курбанов Сайпулла

1980 шарахь ХIинжа-ГIалахь вина. Лаьцна 2013-чу шарахь. Бехкевина «Хизб ут-Тахрир аль-Исламин» декъахь а волуш, Iедал даккха кечамбеш хиларна 2012-чу шарахь. 8 шо токхуш ву набахтехь.

Магомедов Мохьмаднаби

1972 шарахь вина Кизилюртанна гергарчу Кироваулехь. Нах терроран талораш даре кхайкхарна 2016-чу шарахь набахте хьажийна 4,5 шо хан а тоьхна.

Магомедов Хирамохьмад

1985 шарахь вина ХIинжа-ГIалахь. 9 шо хан токхуш ву набахтехь экстремизмалле лоручу динан «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобанца леларна, Iедал карчо Iалашо йолуш хиларна, герз лелорна. Набахте хьажийна 2016-чу шарахь.

Махмудов Тажиб

1982 шарахь вина Дагестанерчу Каладжух юьртахь. 13 шо хан тоьхна терроран талор дан кечлуш хиларна, герз лелорна 2013-чу шарахь.

Саралиев Эрсмак

1959 шарахь Шуьйтанна уллерчу Нихалахь вина. ГIалмакхойчохь лаьцна терроран талор дан кечлуш хиларна, герз кечдарна. II шарна набахте хьажийна 2014-чу шарахь.

Сулейманов Аслан

1990 шарахь вина Нохчийчуьрчу Аьргачу Хишкахь (Серноводское), вехара Соьлж-ГIалахь. 11 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечвелла хиларна, герз лелорна 2014-чу шарахь.

Текилов Анзор

1988 шарахь вина Нохчийчуьрчу Аьргачу Хишкахь (Серноводское), вехара Соьлж-ГIалахь. 11 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечвелла хиларна, герз лелорна 2014-чу шарахь.

Текилов Артур

1990 шарахь вина Нохчийчуьрчу Аьргачу Хишкахь (Серноводское), вехара Соьлж-ГIалахь. 11 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечвелла хиларна, герз лелорна 2014-чу шарахь.

Текилов Iимран

1991 шарахь вина Нохчийчуьрчу Аьргачу Хишкахь (Серноводское), вехара Соьлж-ГIалахь. 12 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечвелла хиларна, герз лелорна 2014-чу шарахь.

Шавхалов Адам

1981 шарахь вина ГIалгIайчуьрчу МаьлгIбекна гергарчу Махьмад-ХитIахь (Вознесенская). 11 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечвелла хиларна, герз лелорна 2014-чу шарахь.

Эсмурзаев Хасо

1976 шарахь ГIалмакхойчохь вина, вехара МаьлгIбекан Зязиковн юьртахь. 11 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечвелла хиларна, герз лелорна 2014-чу шарахь.

«Мемориал» центро массо а хьелаш а теллина, политикан тутмакхаш лору нах маьрша бахаре Оьрсийчоь кест-кеста кхойкху дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн тергоечу юкъараллаша. Амма цIерш яьхначу кавказхойх а, цIеяхаза бухабисинчу Оьрсийчоьнан кхечу регионийн а бахархошна беш бац Путинан Iедало къинхетам.