Iедалхошца къамел динчул тIаьхьа шегара дарж дитина Ломаз-Юьртарчу моллас

Нохчийчохь Теркйист кIоштахь шен даржера дIаваьлла Ломаз-Юьртара молла. 23 шарахь бахархойн вон-дика листинчул тIаьхьа балхара мукъаваьлларг ву Хасуев ШаIран.

Маршо Радион корреспонденто, Ломаз-Юьртарчу бахархошна тIе а тевжаш дийцарехь, цо ша лоьралла леладайта шен лаамехь дIаволу балхара аьлла эвлахь дIакхайкхийнехь а, Iедалера нах а баьхкина, тIедожийна хилла цунна моллалла дитар. Билггал хууш дац хIун ду цунна бехке диллинарг.

Ломаз-Юьртахоша даре а деш, Хасуев ШаIран молла волчура дIаваккха гIоьртинера хьалхо республикерчу динан урхаллан хьаькамаш. Амма оцу хенахь, адам меттах а даьлла, витинера иза цу даржехь.