Доь доцуш вайна лоруш волу Калиновскера вахархо вийна хилла цуьнан накъосто

Маршо Радион архивера сурт.

Новран кIоштан Калиновск юьртарчу ТемирсултановгIеран ГIадужу-беттан 14-чу дийнахь дуьйна тIепаза вайначу шайн стагах хилларг кху лахьанан беттан 1-чу дийнахь бен хиъна дац. Гергарчара дийцарехь, Iаламехь сакъоьруш Iаш ши накъост дов а даьлла вовшехлетта. Каяьллачу цхьаммо, коьртах дечиг а йиттина, вен а вийна, Терка чу кхоьссина шен юьртахо.

КхозлагIа кIира доладелча хиъна ма-дарра хилларг хIун ду. Куьгбехке верг лоруш верг, шекбевллачу низамхоша лаьцна, дийцарехь. Шена тIеIаткъам бан болийча схьадийцина цо хилларг.

Кху беттан шолгIачу дийнахь дуьйна тезет а хоттийна, хие вехьнарг лаха волийна. Стаг вер хьокъехь таллам дIахьош бу.