Керла Каледони дIакъастар хьокъехь референдум хир ю Францехь

Архивера сурт.

Керла Каледони дIакъастар хьокъехь референдум хир ю 2018-чу шарахь Францехь. Иза хила езаш ю Лахьан-бутт чекхбалале. Цунах лаьцна BFMTV телеканалехь вистхуьлуш хаам бина Францин премьер-министро Филипп Эдуарда.

Цо дийцарехь, референдум хилар хьокъехь сацам бина Тийначу хIордехь йолчу архипелагана деколонизаци ярехула болчу Нумейн бертан комитетан декъашхоша.

Керла Каледони Францин хIордал дехьара территори ю 1946 шарахь дуьйна. Цигахь вехаш ву 250 эзар стаг. 1998-чу шарахь Керлачу Каледонехь референдум хилира, иза Францех йозуш йоцуш хиларца доьзна хаттар къастош. Дукхах болу нах дуьхьал бара Францех дIакъастарна.