Путинах лаьцна тоьлла байт язйинчунна iPhone X лур ю Кадыровс

Кадыров Рамзан.

Нохчийчуьрчу КВН тобано хIинцца юкъаяьлла iPhone X смартфон елла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Юха цара цхьане сацам бина иза совгIатана яла Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирах лаьцна тоьлла байт язйинчунна, хаам бина Кадыровс шен инстаграмерчу агIона тIехь.

Толам баьккхина байтанча билгалвоккхур ву республикерчу Кегийрхойн гIуллакхашкахула министралло.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, цу къовсамехь хIинцале а дакъалаьцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хиллачу Гудков Дмитрийс:

"Властитель слабый и лукавый,

Плешивый щёголь, враг труда,

Нечаянно пригретый славой

Над нами царствовал тогда".

iPhone X смартфонийн хьалхара жут, ерриг а аьлча санна, дIайоьхкина Оьрсийчохь уьш йохка йолийначу пIераскандийнахь.