Коммунисташ дуьхьал бу Ленин лаьттах волла

Оьрсийчоьнан коммунистийн партин (КПРФ) лидеро Зюганов Геннадийс ша дуьхьалхилар хаийтина, Мавзолей чохь Iуьллу Ленинан чалх лаьттах йоллийта.

"Кхи бух болуш дац и деса хабарш, ЦIечу майданахь адамаш гулдан, цигахь къепедацарш хилийта гIертар доцург. Оха могуьйтур дац и, оха лохкур бу оцу Iалашонца цига гIортахь а", - аьллачу Зюгановн дешнаш даладо РИА «Новости» агенталло.

Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца Iалашо шен хилар дIахаийтинчу журналисто Собчак Ксенияс а хьахийра Ленин дIаволла везарх шен лаам хилар.