Зюгановс жоп делла Кадыровна

Ленин лаьтте кховдо веза аьлла иккхинчу къовсамехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана коммунистийн партин лидерна деллачу жоьпана дуьхьал Зюганов Геннадийс комментарий йитина.

Ша дуккха а шерашкахь Кавказехь болх бина а, и регион езаш хилар билгал а доккхуш, иштта ду Зюгановн жоп.

"Кавказехь кешнаш ларамца леладо, цигахь лардеш ду тоьлла ламасташ а. Тхан дайша а, церан дайша а лакхарчу съездехь дийцаре а дина, сацамбина Ленинан дIаволларх. Пачхьалкхан бахархойн и лаам къобалбина тIеийцира хIетахь Оьрсийчоьнан, массо а аьлча санна, субъекто. Халкъан сацаман пусар дан деза!", - аьлла Новости агенталле Зюгановс.