"Пенси схьаэца вахча коча духку и газеташ..."

Iедалан хьостано Iорадаккхарца, Нохчийчоь ерриге Оьрсийчоьнан регионашлахь а хьалхарчу меттехь ю газеташца а, журналашца а герггара юкъаметтиг латторехь.

Your browser doesn’t support HTML5

"Пенси схьаэца вахча коча духку и газеташ..."

МогIарерчу наха газеташ, журналаш яздар хьокъехь официалан Iорадоху терахьашший, уьш яздарехь дахарехь долу бакъ сурттий вуно чIогIа морзахе нислуш ду, схьагарехь.

Iедалан хьостано Iорадаккхарца, Нохчийчоь ерриге Оьрсийчоьнан регионашлахь а хьалхарчу меттехь ю газеташца а, журналашца а герггара юкъаметтиг латторехь.

Цу хьостано билгалдаккхарца, махкахь эзар стагна юкъахь 364 стаг лаххара а газет-журналашка дIаязвелла ву. Гуттар а лакхара хуьлчух тера ду и гайтам гIаланашкахь, бакъду, ярташкахь прессе язбелларш каро а ду вуно хала.

Цу бакъдолчух дукхе дукха чехка кхуьу хьо тIенисвеллачу муьлххачу а бахархошца хеттаршка ваьлча. Ма-дарра аьлча, и тайпа хаттар далар а хета нахана тамаше.

"Ас кхушара газет яздарра-м дийца а ца оьшура, ткъа шо а сов хан ю ас тIаьххьара и яздина. Суна хууш сан гергарчара а ца яздина. Ца яздина. Валлай ца яздина",- герггарчу барамехь ишта жоьпаш ло дукхахболчара.

Газеташна язвалар Советан Iедалций бухбацаре дIадахана лоручех ву ишколан белхахо Мовсар. Лааме хьаьжна а доцуш яздайтахь а, цунна моттарехь уьш доьшуш дац.

"Делдахь газеташ яздар коммунистийн Iедалций дIа-м дахна. Ца яздина. Балхахь болчаьрга язза-м дойту. Лаьий ца лаьий дан а дац, хьоьга хоьттуш хIума а дац",- ишта чIагIам бо Мовсара.

Газетийн а, журналийн а кхолламах шен хьажам бу Соьлж-ГIаларчу пенсахочун Ахмадов Супенан.

"Валлай ас-м ца яздина газеташ а, журналаш а, деллахь а хьо почте ахча схьаэца вахча, коча-м духку цара уьш", - бохуш, къаро йо Ахмадов Супена.

ХIинцачул кхо шо хьалха дитна ша газеташка а, журналашка а язвалар боху шовзткъа шарахь гергга журналистикехь къахьоьгуш схьавеъначу дешан говзанчо Iайндис. Цо йоккхачу шеконе дуьллу карарчу хенахь газеташ а, журналаш яздеш берш дукха бу бохург.

"Ас 2015-чу шарахь дитира газеташ, журналаш яздар, стенна аьлча, уьш шен хенна дохьуш а дацара, даима а тIаьхьаваьлла лела дезара. Ас вуно дукха ма-яздора. ДIавала, гергарчара мича яздо. Царна уьш хIун ю а ца хаьа, айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна. Хабар ду оццул дукха наха яздо бохург. И мел лакхара терахь ду хаьий хьуна?",-хадам боллуш шен хьажам бовзийтира Iайндис.

Дерзош ала ду, газеташка а, журналашка а язбелларш каро санна хала дара бахархошлахь кесталгIа ненан маттахь хIуъу а ешна а цхьа хIума ешнарг каро а, исбаьхьаллин ирташ-м хьехайойла а дацара.