Джабраилов Iумар кху баттахь кхеле хIоттор ву Москох

Кремлна гергарчу отелехь герз кхийсарна бехк хьарчиначу бизнесхочун Джабраилов Iумаран гIуллакх листа долор ду карарчу беттан 22-чохь Москохарчу Тверскойн кхело, яздо «Новости» агенталло. Ша бехкехиларна мукIарло дина экс-сенаторо а.

Кху аьхка полицин декъе телефон тоьхнера уллорчу хьешан цIийнехь деттачу герзан гIовгIа хеза аьлла. Орцах баьхкинчу полисхоша лаьцнера тховх тапча етта бизнесхо Джабраилов Iумар.

Байначу баттахь 4 эзар сом гIуда тоьхнера Джабраиловна наркотикаш лелорна.