Ганнушкина кхи дIа а шен бакъо къийса дагахь ю нохчийн Iедалшца

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло «Гражданское содействие» организацина а, «Новая газетана» а дуьхьал Лакхарчу кхеле чуеллачу искна латкъам бан Iалашо ю бакъонашларъярхойн. Соьлж-ГIалин кхелан гIишлонна хьалха хилла пикет а Iедало хIоттийна яра аьлла меттигерчу бахархоша.

Кху аьхка Ганнушкина Светланас Фейсбукерчу шен агIон тIехь, Кенхи юьртара Джалалдинов Рамазан Iедало кхерамаш тийсинчул тIаьхьа ведда аьлла яздича, Шуьйтан кхело гIуллакх меттахдаьккхира, цо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сий дайина аьлла. Иштта бIаьрго лецира Милашина Еленин артиклаш а.

Лакхарчу кхело чоьхьарчу гIуллакхийн министралла бакъяр хIумаъ дагахь доцург дацара аьлла Ганнушкина Светланас.

"Уггар хьалха ас дIахьедийриг ду, «Гражданское содействие» комитет юкъа хьекхо оьшуш цахилар, хIунда аьлча, Фейсбукерчу сайн агIон тIехь хIоттийна ас и пост. Яц и аккаунт комитетан официалан агIо. МогIарерчу яхархочун Ганнушкина Светланин шен долара агIо ю и", -аьллла бакъонашларъярхочо «Кавказан узел» агенталле.

"Хьалхе дуьйна массарна а, кхелахошна а цхьана, хууш дара, муха хир бу сацам. Амма со цецъяккхинарг хIун дара аьлча, кхел йоьдучу хIусам чохь берриш а божарий хилар, арахь догIанехь лаьттарш зударий хилар. Со кхеташ яц, догIанехь тIада а беш уьш стенна латтош бара, божарий чу хIунда битинера а", - цецъюьйлу Ганнушкина.

Кассацин арз дан дагахь ю комитетан куьйгалхо Ганнушкина. Цо бахарехь, 6 бутт хан ю цуьнан кечам бан.

Бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина дуьхьал айдина гIуллакх луьстучу Соьлж-ГIаларчу кхелан гIишлонна хьалха бIе сов адам ду гулделла аьлла, хаамбира Маршо Радионо шинарийдийнахь.

Гулбеллачеран карахь плакаташ хиллера «Каляпинан докладехь дуьйцучул а бакъ ду базарахь лела эладиттанаш», «Ганнушкина, хIун мах бу тахана францхойн сийлахьчу легионан мидалан», «Милашина, ямартлонан я сутараллин хьожа ю Iамеркхойн долларийн», «Ма чIечкъа, либерал, хьан зама тIекхаьчна» аьлла, йозанаш а долуш.