Калифорнехь Дуьненаюкъара чемпион ваьлла Бетербиев Артур

Нохчийн уггар гоьваьллачу боксёран, Канадехь вехачу Бетербиев Артуран шийтта раундах лаьттина немцочуьнца Келлинг Энрикоца Калифорнехь IBF-н Дуьненаюкъара чемпионалла къовсуш хилла латарш дирзина. Дуьненаюкъарчу боксерийн федерацино бинчу хаамца, 32 шо долу Бетербиев Артур дуьненан чемпион ваьлла.

ТIаьххьарчу раундехь Бетербиевс шена дуьхьал летарг нокдауне вахийтича, реферис 3-чу минотехь сацийра латарш, толамхо билгалваьллийла къаьстича.