Шемарчу тIемалочунна гIо дарна лаьцна Нохчийчуьра вахархо

Архивера сурт.

Шемарчу тIемалочунна гIо дарна Нохчийчуьра вахархо лаьцна полицино, хаам бо республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо.

Талламхоша дийцарехь, лаьцнарг ву, ахча а лахьош а, иза тIемалошна дIахьажош хилла Новран кIоштара 28 шо долу вахархо. Шемахь тIом бечу шен вешина цо дахьийтинарг ду 1 миллион гергга сом.

Iедалша цу стагана бехке дуьллург ду "террористашна гIо дар".