Батаева Хеда. Ма зама ю-кха хьо...

Ма зама ю-кха хьо...

Your browser doesn’t support HTML5

Ма зама ю-кха хьо...

Батаева Хеда

***

Ма зама ю-кха хьо, инзаре зама,
Харцоно даржийна шен шуьйра тIамарш,
Дош ала хьакъ воцург ирхене вуьйлуш,
Лайх бевлла болу леш къонахех буьйлуш.


Валанза висначух манкурт ван Iамош,
Чалтачо кховдийна зарг йоккху гIама.
Ма зама ю-кха хьо Iаьржа-кIайн къестош,
Ямартхойн сий а деш, чалтачаш хестош.


Ма зама ю-кха хьо, цкъа кегор йолуш,
Даима санна, хьайн вон-дика долуш,
Къонахчо са духкуш АллахIан дуьхьа,
Ткъа леша сий духкуш тайнигийн дуьхьа...