Нохчийчохь полисхо эккхийтина стаг Оьрсийчоьне дIавелла Германино

Немцойн полици.

Оьрсийчохь полисхочунна тIелатар дарна лоьхуш волу Нохчийчоьнан вахархо лечкъина хилла Германехь. Карарчу хенахь иза Оьрсийчу дIакхачийна Франкфурта-на-Майне гIалара, хаам бо «Кавказский узело». 35 шо долчу цу стагана кхин а бехке дуьллуш ду Оьрсийчохь, бакъо а йоцуш, герз а, хIоъ-молха а лелор.

И стаг дуьненаюкъарчу лехаме велла хилла Оьрсийчоьнан Iедалша 2016-чу шарахь Лахьан-баттахь, Соьлж-ГIала – Закан-юрт аьчган некъана тIехь, бомба а эккхийтина, жIаьлица таллам беш вогIу полисхочунна чевнаш ярна бехке а вина.