Украинехь йиттина Саакашвилин накъостана

Саакашвили Михаил.

Украинерчу «Керлачу ницIкъийн боламан» хьалханчо Саакашвили Михаила дIахьедар дина, шен машен лелорхочунна йиттина аьлла. Цо дийцарехь, уьш Украинин кхерамазаллин сервисан (СБУ) белхахой хила мега.

Одессехь ша вехачу хIусаман хьалха тIелатар лайначу Саакашвилин накъосто дийцарехь, цунна евзина шена тIаьхьа лелаш хиллачу СБУ-н белхахойн ши машен.

Шотдийнахь Киевехь Саакашвилин агIончаш чоьхьабовла гIоьртина вуно чIогIа ларйеш йолчу Порошенко Петро вехачу хIусамана. Дуьхьалонан акцин декъашхошна тIе цхьа а ца веана цу чуьра. ТIаьхьо митинган декъашхоша машенийн чкъургаш ягийна президентан администрацин гIишлон хьалха.

Цара доьхург ду антитерроран операцин декъашхо хилла Гуьржийчуьра шен лаамехь тIемало Надирадзе Вано волу меттиг схьайийцар. Дуьхьалонан акцийн декъашхошна хетарехь, Надирадзе кеманца дIакхачийна Гуьржийчу.

Украинин ницкъаллин структурийн куьйгалхоша иза бакъ ца до,ткъа Тбилисехь иза карош вац.