Форбс журналан редактор вийна нохчо лаьцна Киевехь

Оьрсийн журналист Хлебников Пол верна бехке лору Дукузов Мохьмад лаьцна Киевехь. Оьрcийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векало Волк Иринас бина и хаам.

"Оьрсийн полисхоша дуьненаюкъарчу лехамашка ваьккхина 1978-чу шарера Дукузов лаьцна. Москохахь цхьа могIа нах байарна бехкевеш ву иза. Иштта цунна тIететтина Форбс олучу оьрсийн версин журналан коьрта редактор Хлебников Пол вер а",- аьлла Волка.

Украинан кхерамзаллан сервисаша хьалхо дIакхайкхийнера дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла ши Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна шаьш аьлла. Царех цхьаъ ву Хлебников верна бехкеве Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо.

2004-чу шарахь аьхка Москох редакци чуьра араволучу хенахь вийнера Хлебников. Журналист вер тIедожийнарг нохчийн тIеман буьйранча Нухаев Хож-Ахьмад ву, вийнарг Дукузов Мохьмад ву аьлла, зорбанашкахь цIерш ехира.

2006-чу шарахь Дукузов а, шеконашкахь лаьцна Вахаев Муса а, Садретдинов Фаиль а маьршаваьккхира кхело.