Москальковас толлур бу Нохчийчохь къаьркъа мелла нах лецарх хаам

Полисхоша къаьркъа мелла аьлла, лаьцна латтош нах бу Нохчийчохь бохуш, яьржина информаци таллар дехна махкарчу омбудсмене Нухажиев Нурдига Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татаьянас.

"Нагахь и хаам бакъ хилахь, ша Инарла прокуратуре хаийта йоллу аьлла Татьяна Николаевнас", - бохуш, дийцина «Интерфакс» агенталле бакъонашларъярхочун пресс-гIуллакхоша.

«Кавказ.Реалии» портало бинчу хаамна тIе а тевжаш, Маршо Радионо яздинера Шаройн-кIошатрчу Химойхь дахначу пIераскандийнахь дуьйна полицино лаьцна латтош ву СемаIашкара ТIахIир цIе йолу вахархо аьлла.

Полисхоша чIагIдо, шаьш лаьцна ТIахIир маларх кхетта вара бохуш, ткъа лаьцначун гергарчара бахарехь, ТIахIир къаьркъанца гергарло долуш ца хилла.

Химойрчу спортан чоьнехь латтош ву ТIахIир а, кхи а масех чохь валло жимстаг а.

Нохчийчохь алкоголца а, наркоманица Кадыровс йолийначу компаница а догIуш, хьасташа дийцарехь, меттигерчу телевизионан эфирехь лецнарш нахала а бохуш, цаьрга шайна гечдар а доьхуьйтуш, кхел ерзо дагахь бу Iедалхой.