Мухьаммад-Пайхамаран цIийнах тера Соьлж-ГIалахь хIусам ян дагахь ву Кадыров

Меккерчу Муххьамад-Пайхамаран цIийнах тера гIишло Нохчийчохь хIотто Iалашо лаьцна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла, хаамбина цуьнна пресс-гIуллакхоша..

Кху беттан 29-30-чу дийнахь билгалдоккхучу Пайхамар вина де дазадаран хьокъехь вовшахтоьхначу оргкомитетца дийцарш дина Кадыровс шинаридийнахь.

Динан Iилманчашка маьждигашкахь Мухьаммад-Пайхамаран дахарх, цо лелийначу мехалчу гIуллакхех дуьйцуш, хьехамаш бар тIедиллина мехкан куьйгалхочо.

Премьер-министрна Эдельгериев Абубакарна Соьлж-ГIалахь Пайхамаран Меккерчу цIийнах тера хIусам ярх болх болабар тIедожийна.

Рабби-аль-Авваль баттахь Мохьмад-Пайхамар дуьненчу валарца доьзна тIаьххьарчу шерашкахь шуьйрра даздарш хIиттадо Нохчийчохь