Пушкинан "Евгений Онегин" роман нохчийн матте гочйина

Сийлахьчу оьрсийн байтанчин Пушкин Алексадаран роман "Евгений Онегин" нохчийн матте яьккхина ваьлла нохчийн ненан меттан говзанча, гочдархо Хатаев Хьусайн. Цо 5-6 шарахь бина кхоллараллин болх бIе шарахь цкъа хила тарлуш мехала а, маьIне а хилам бу аьлла махкахь дика вевзаш волчу яздархочо, журналиста Ахмадов Мусас.

Маршо Радионо шен агIонашкахь шо хьалха яздира, Пушкинан «Евгений Онегин» роман нохчийн матте гочъеш, юккъе а кхаьчна воьду Хатаев Хьусайн аьлла.