Полисхочун машен эккхийтарна 14 шо кхайкхийна нохчочунна

2012-чу шарахь Нохчийчохь полисхойн машен эккхийтина аьлла, бехкевинчунна динчу таIзаран сацам ницкъ болуш хир бу шоьтадийнахь дуьйнна аьлла, дIакхайкхийна прокуратурано.

Кхелахоша чIагIдарца, 2022-чу шеран гурахь шеца цхьана кхи а гIаттамхой а болуш, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полкан гIуллакхдархочун машенна буха оьккхуьйтург йиллина хилла оцу жимачу стага. Iуьйранна шен машен чу а хиина, иза дIайолайолуьйтушшехь гIаттамхоша эккхийтинера полкан эскархочун машен.

Прокуратуран хаамашца, набахтехь даккха 14 шо хан кхайкхийна махкарчу вахархочунна.