СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан хир волчу паччахьо, принца ал СаIуд бен Салман Мухьаммада кIирандийнахь дIахьедар дина, 41 пачхьалкхах лаьтташ йолу керла антитерроран коалици кхоьллина шаьш аьлла.
И тIеман барт хир бу цу регионехь зуламаш деш йолчу терроран вовшахтохараллашца къийсам дIахьош, аьлла принца Эр-Риядехь хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цигахь дакъалоцуш бара коалицина юкъахь йолчу пачхьалкхийн тIеман министраш а, кхерамазаллехула болу эксперташ а.
Террораца къийсам дIахьош бартхой дагахь бу вовшахтоха шайн тIеман а, финансийн а, политикан а аьттонаш.
Хаамийн гIирсаш билгалдаккхарехь, керлачу коалицина юкъахь ю коьртачу декъана бусалба сунтхой беха пачхьалкхаш. Яц цунна юкъахь ГIажарийчоь а, Иракъ а, Шема а, цхьамогIа Iаьрбийн пачхьалкхаша бойкот йина Катар а.