Украинерчу машарбархошна юкъахь оьрсий хиларна дуьхьал ю Iамерка

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн цIарах Украинехула волу леррина векал Волкер Курт.

Украинин малхбалехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан машарбархойн мисси кхоллахь цу юкъахь Оьрсийчоьнан векалш хиларна дуьхьал ю Iамерка. Цунах лаьцна дIахьедина Цхьаьнатоьхначу Штатийн цIарах Украинехула леррина векал волчу Волкер Курта, The Washington Post газетана ша еллачу интервьюхь. Иза зорбане яьлла Лахьан-беттан 26-чу дийнахь.

Вашингтонна хетарехь, дуьненаюкъараллан миссин бакъо хила еза ерриг а Донбассехула дIасалела а, Украинин Оьрсийчоьнца долчу дозанна Iуналла дан а.