Гуьржийчоьнан омбудсменан векал цхьаьнакхетта Тбилисехь леррина полицин операци дIахьош лаьцначу Оьрсийчоьнан вахархочуьнца, хаам бо "Интерфаксо".
«Лаьцна волчо байинчу террорхошца цхьа а зIе яцара шен боху. Цо дIахьедар дина, байинчерах цхьа а шена вевзаш вацара аьлла. Амма цуьнца цхьаьна цо даре дина ша лоцуш шегахь герз хилла хилар», - хаам бина Гуьржийчоьнан омбудсмено Нануашвили Учас.
Цо дийцарехь, леррина операци дIаяьхьначул тIаьхьа дуьсуш ду дуккха а хаттарш, масала «байина террорхой, ша аьлча Чатаев Ахьмад, муха кхаьчна Гуьржийчу, бохург.