Your browser doesn’t support HTML5
Баланаш массарел а дукха балхочех бу социалан машанашкахь вайнах
Дайшлахь лелла Мехк-Кхел меттахIоттийча башха хир ду дахар, цуьнца леха еза нийсо, боху вайнахах цхьаболучара. ТIехь цхьа да а лаьтташ, цунна верриг а муьтIахь а волуш, даха деза къам, чIагIдо вукхара кху муьрехь.
Уггаре жима цакхетам а тоьа агIонашна вовшашца эгIа, девнца къаста.
Оцу хьелашкахь ду Европерчу а, Оьрсийчуьрчу а жигархоша вайнехан дуьненаюкъара гулам хIотто беза боху ойла айар.
Шех, хинболчу барамах, дийца цкъачунна хьалхо ду, амма кечам шаьш бан болийна, гулам вайнах махкахбаьхначу Чиллан-беттан 23-чу денца а бузуш, Европехь дIахьор бу, элира Маршо Радиога бараме маьI-маьIIера жигархой вовшахбетташ хьийзачу тобан хьалханчаша.
Оццу юкъанна, къоман гулам хила а беза, цигахь халкъера хьал, децIерачу а, цул арахьарчу а вайнехан мехаллех, IаьIначу гIайгIанех дийца а деза, аьлла, къамелдина шен рогIерчу барамехь кIирандийIнахь Европерчу вайнехан Къанойн Кхеташоно а.
Оцу кхеташонан хьалханчин Докудаев Ахьмадан (Германи) гIовсца Хачукаев Сайд-Мохьмадца бийцабаьккхинчу гуламах а, тахана Европерчу вайнахехь долчу хьолах а лаьцна къамел хилира Маршо Радион.
Дера тхан тидамза, ца гуш дIа ма ца доьду кхузахь хIумма а
- Европехь, Малхбалехь, ерриг а Оьрсийчоь а яьккхина, жа санна, даьлла лелаш къам ду. Массеран а дегнашкахь юкъара лазам бу: хIун хуьлуш ду вайн къомах, мича доьлхуш ду вай? И лазам шун хьукмате кхочий, шун дегнех бетталой?
- Къанойн Кхеташо кхоьллина доьалгIа шо ду. Адам кху Европерчу хьелашкахь нийссачу новкъа дIадига кхоьллина ю хIара. Деношкахь а Iийна тхо оцу хьокъехь къамелаш деш. Дера тхан тидамза, ца гуш дIа ма ца доьду кхузахь хIумма а.
Тахана ирча, сингаттаме ситуаци ю лаьтташ, дIасаяха езаш Iаьржа мархаш тIеязъелла, хIинций-хIинций догIа догIу бохуш санна. И мархаш дIасаяха тхоьгахь ницкъ бац. Амма вайна пайде болу некъ, пайде долу гIуллакх Европерчу вайн къоме кховдо-м луур дара.
Дагна Iаткъаме, лергана хаза хала а долуш, косташ кхочу, вовшашца дов а даьлла, вели хазалла валла волу ши кIант, дIогахь логах урс а хьакхна, охьакхоьсси майрачо зуда, вукхунхьа доьзалера дIадаьккхин ворхI бер, олий.
Оццул дакъаздаьллачу хьоланна хIун дийр дара-те, бохуш, ойланаш йо оха. Тхешан пенсех дIасалела девнашна юкъа, маслаIаташка.
Ойла йича, дагадогIург ду вайна кхузахь гражданалла кхетамехь цатоар, иза эшар, иза вайх ян гIерташ, къа а хьоьгу оха. Цкъачунна гIуллакх ца хуьлу.
Доцурш, цатоьарш дукха ду. Вай кхечу културан тархашна юккъехь ду, кхечу меттанашна юккъехь ду, кхечу къаьмнашна юккъехь ду, кхечу динна юккъехь ду.
Ткъа мел хаза вешан, вайнехан, ламасташ делахь а, уьш кегийрхошка дIадала, уьш марзбан вайна таронаш ца тоьа.
Концерт, театр, кино, сурт, литература - иза муьлххачу а къоман бахам бу, цара кхиадо дика адам. Цара цхьана ойлане дерзадо халкъ. ЦIахь, масала, итт эзар гулло тезета, бала байбо иштачо, марзо дебайо. Ткъа кхузахь оцу массо а хIуманна а дуьхьалбевлларш баьржина. Ур-атталла, мовлад ешар, зикр дар, ловзар хIоттор емалдо.
Амма къам къехкийла дац шен хазанех, дикачу ламастех - и дерриг а ду кхузахь ир-кара хIотто дезаш. Ткъа цунна таронаш ца тоьа. Делахь а, Iойла дац. Оха къахьоьгу.
Францехь, Австрехь, Данехь, Испанехь, Норвегехь, кхечу меттигашкахь дуккха а бу оцу гуламах хьаьгна
- Изза вай стохка а хьехийра, леткъамаш а изза бара. Делахь а, кху муьрехь аш а, даймахкарчу жигархоша а, вовшашца юкъарло оьшу, вайнехан гулам бан беза аьлла даржийна. Хила торуш буй гулам кеста?
- Гулам хила беза, цо халкъан лаам гойту, кхачамбацарш гойту, некъ къастабо. Тахана Францехь, Австрехь, Данехь, Испанехь, Норвегехь, кхечу меттигашкахь дуккха а бу оцу гуламах хьаьгна, дагадовла дезара вай, боху дуккха а меттигерчу вайн хьалханчаша.
Оха тхайн Кхеташонехь а дина селхана цунах лаьцна къамелаш. Тхо оцу гуламна кечлуш-м ду, таронаш ледара елахь а. Амма новкъарло еш ницкъаш а бу, царна вайнехан гIиллакх ца хаьа, царна оьрсийн гIиллакх а ца хаьа. Иштачара питанаш а латтадо, уьш девне а буьйлу, иза а тергаме эца дезаш нисло.
Делахь а, гулам хир бу, позитиван ницкъаш гонах гул а бийр бу.
Маттана гонах гулдан деза адам, ламасташ даржо деза
- Ахь элира-кх, "гражданан юкъаралла" оьшу. Дуьненаюкъара и термин вайна евзаш ю. Ткъа хьан кхетамехь, къамелехь, вайнахана юкъахь иза хилар - иза хIун ду, муха туьду ахь?
- ХIара вайн даьржина лела къам Шема дахийта а, эшахь Зимбабве дахийта а атта ду зуламечу наханна - вай даьржина ду. Маттана гонах гулдан деза адам, ламасташ даржо деза.
Цахуург даржош, дуьйцуш, "вахабисташ", "салафиташ", бохуш, доькъу къам. Амма оцу доллучунна а дуьхьалъяккха вайна кхузахь вешан театр а, литература а, кино а оьшу. Дайшкара кхаьчна Iадаташ чIагIдан а деза.
Девзаш доцург, вайца хьалха лелла доцург юьстахдита деза, девзарг-лелларг дендан деза. Хенан йохалла къаьстар ду цадевзарг мел оьшу, вай цкъачунна ваьшна девзарг, ваьш доьлларг хьалаайдан деза. Иза ду-кх "гражданан юкъаралла" ас айан еза бахар.
Даймахкара а дац хуьлуш гIо-накъосталла, цIера хьаькамаш кхоьру вайца уьйр латто. Цундела вайна кхузахь гулам оьшу.
Иштта ду Маршо Радион Европерчу Вайнехан Къанойн Кхеташонан лидеран гIовсца Хачукаев Сайд-Мохьмадца хилла къамел.
Вайнаха гулам дIабахьа а беза, юкъара хьелаш дийцаре а деш, гарадаьлла халкъ цхьана маслаIатечу къилбанна, юкъарчу Iалашонашна тIедерзо а деза, аьлла, кху муьрехь гIевттина жигархой бац еккъа Европера – бу Малхбалера а, Оьрсийчуьра а.
Маршо Радионо шен рогIерчу хаамашкахь бовзуьйтур бу оцу новкъахь бен болх а, и болх бийраш а.