Францехь веха нохчо дIавехна Оьрсийчоьнан Iедалша

Амриев Амир.

Оьрсийчоьнан Iедалша кехаташ хьажийна Франце, Амриев Амирана экстрадици яр доьхуш.

Амриев Амир а, цуьнан доьзал а Францехь бехаш бу, политикан тховкIело а елла. Тахханалц цхьа а царна бехке дуьллуш хIума дацара цигарчу Iедалша.

Ша Интерполо лоьхуш хилар а, Оьрсийчоьнан Iедалша дIавоьхуш хилар а хиина Амриевна полицино ша лаьцча. Кхелахо реза ца хилла иза талламан изоляторехь латто, амма жима стаг декхарелахь вина кIиранах цкъа, полици а веана, ша махкахь хилар гайта.

Амриевна хетарехь, Оьрсийчоьно иза дIавоьхуш ву, оьрсийн салтташа шен деваша вуьйш ларамаза цунна гина хиларна. Цул тIаьхьа Амриев лечкъина Iийна Украинехь. ТIаьхьо цуьнан аьтто баьлла Малхбузене дIаваха.