Баханчу мангал баттахь Австрехь лецна хиллачу исс нохчочух бархIанан дов хатта долийна Венерчу кхелехь. И нах бехке беш бу нахера кхерамаш тийсарца ахчанаш дахарна а, низамца доцуш герз а, наркотикаш а лелорна а.
Прокуратурано чIагIдо, лецначара меттигера лор а, месийн пхьар а хьийзина ахчанаш даха гIерташ, бохуш.
Аьхка, исс нохчо а, цхьа тунисхо а лоцуш, Австрин Iедалхоша леррина операци дIаяхьанчул тIаьхьа пресс-конференцехь и хилам бовзуьйтуш цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Волфганга шен белхахоша «нохчийн мафина» дуьхьал боккха кхиам баьккхина элира.
Венехь дIайолаеллачу процессо и кхиам иштта боккха хилар шеконе дуьллу. Иштта лийцинчех цхьа а бехкеверг санна ца вевзина прокуратурано цара ахчанаш дохуш хьийзина бохучу нахана.
Лецначарах цхьаммо а шайн бехк тIе ца оьцу.
Маршо Радион корреспонденте Венерчу лаьттан кхелехь бинчу хаамца, процессехь бистхила кхайкхина дукха тешаш хиларна, ГIура-бутт юккъебаллалц аьлла дIатеттина кхелан болх.