Your browser doesn’t support HTML5
2015-чу шарахь немцойн махкахь политикан тховкIело ехна йолу и 26 шо долу зуда цIахь лаца а лаьцна, шен боцу бехк тIелаца бохуш? Iедалхоша ницкъ бина яра бохуш, дийцира Маршо Радионе цуьнан хIусамдас Байсангуров Зеламхас: "Тхо Нохчийчохь Iаш долчу хенахь дIалоцуш, схьахоьцуш хьийзош дара тхо. Со суо набахтера араваьлла а волуш, шина шарахь цхьанхьа а дIасавала йиш йолуш а вацара.
ХIусамнана доьзалхочух йолчу хенахь дIа а йигина, набахтехь яллийра цара, ницкъ а беш. ТIаккха цо цара шега куьг язде аьлла схьаделлачу кехаташна куьг яздинера, шен боцу бехк тIе а лоцуш. Иза схьахецначул тIаьхьа ас Германе дIаяхийтира иза. Кхузахь цо ма дарра хьал дIа а дийцинера, ша лехамашка яла мегаш ю а аьллера. Цуьнан гIуллакх немцоша толлуш а долуш Оьрсийчоьно иза Интерполехула лехамашка а елира".
Байсангуров Зеламха ша а ву бандиташна гIодарна бехке вечу артиклаца хан а тоьхна, набахтехь 5 шо даьккхина. ХIусамнана Iедалан кхерамех кIелхьара яккхархьама, цкъа хьалха Европе дIа а хьажийна, масех бутт баьллачул тIаьхьа цунна тIаьхьа Германе схьавеана ву иза.
Цуьнан некъ, кхечу а дуккхаъчу Нохчийчуьрчу мухIажарийн санна Полшехула хилла хиларна, Байсангуровн тховкIелонах долчу дехарна дацаре жоп делла немцойн Iедало.
Дублин бартаца догIуш ма хиллара, иза Полше юхахьажон мегаш ву.
"Суна Германин Iедало негативе жоп даийтина, хIинца юха ас апелляце делла ду сайн гIуллакх. Суна Оьрсийчу депортаци ян йиш яц церан, хIунда аьлча, со Интерполехула лохуш ца хиларна, амма Полше хьажон йиш ю. Ткъа хIусамнана Оьрсийчоьнца Интерполан лехамашкахь берш дIалуш барт хиларна цига дIаяла мегаш ду".
Цкъачунна депортацин набахтичуьра маьрша яьккхина Акуева Амнат, кху деношкахь шолгIачу беран нана хилла йолу. КесталгIа Берлинехь кхелехула къастор долуш ду, иза Оьрсийчу дIаяларх долу гIуллакх.
Оьрсийн хьукматхоша цуьнан хьокъехь Германерчу Iедалхошка даийтинчу кехаташкахь вуно дукха гIалаташ карийна шайна а, шайн адвокатана а бохуш, дийцира цуьнан хIусамдас Байсангуров Зеламхас.
Масала, цу зудчо гIодина бохуш оьрсийн хьукматхоша шаьш Германе хьажийначу документашна тIехь вуьйцуш волу цхьа тIемало оццу документашца жимма хьалха вийна хила везаш ву.
И санна долу кхачамбацарш кхин а ду зуда террорхошца зIенехь хиларна бехке ечу оьрсийн хьукматхоша шайгара дийлитина.
Масех бутт хьалха иштта документашкахь гIалаташ а деш, Интерполехула оьрсийн Iедало лохуш хилла цхьа нохчо и кхачамбацарш бахьана долуш массо а бехкех цIан а вина дIахийцира Дрезденерчу кхело.
Ткъа дукхахан йоцуш изза хьал хIоьттира Австрера оьрсийн Iедалхоша дIавоьхуш хиллачу нохчийн мухIажарца а - кхелехь иза бехке ца хилар а, оьрсийн хьукматхоша шайгара тIеязбинчу бехкашца иза дIавоьхуш хилар а гучу а даьлла, дIахийцира и кIант.