Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь юха а Францин шахьарахь Парижехь адамийн бакъонашна гIаролехь латтарна аьллачу номинацехь деза совгIат схьаоьцуш бара "Дош" журналан долахой.
Цхьаннех а дозуш доцуш, дуьххьара 2003-чу шарахь зорбане даьккхира "Дош" цIе а тиллина, и журнал. Иза когадахийтинарш бара коьрта редактор Шовхалов Исрапил а, шеф-редакторан декхарш кхочушде Дудуев Iабдул а.
Къилбаседа-Кавказерчу регионашкахь мел хуьлучу хиламех, мехкашкарчу хьолах, адамийн бакъонаш талхочу мIаьргонех, байна доьзалш лоьхучу гергарчеран дийцарш, оцу дерригенах а яздо журналан агIонашкахь.
Цундела нислуш хир ду цунна когаштийсар а. Масала, кхо шо хьалха ГIалгIайчохь дихкинера журнал даржо.
ХIетте а саццаза, шен-шен рожехь, хийцам боцуш шен дешархошка дIакхачадо "Дош". Шо шаре цуьнга язлучийн терахь а кхуьуш догIу.
Дуьненаюкъарчу организацеша шайн тидаме а эцна, дуккха а мехал совгIаташ до журнална.
Кху деношкахь Францехь пргIера преми а эцна, юхавирзина Дудуев Iабдул а, Шовхалов Исрапил а.
Маршо Радион зIе хилира журналан шеф-редакторца Дудуев Iабдуллица, церан хиллачу аьттонца уьш декъал а беш.
- Iабдул, кху деношкахь Парижехь дуьненаюкъара преми эцна, юхадирзина шу. Маршо Радион цIарах ас даггара декъал а до шу оцу кхиамца. Дийцахьа, и хIун совгIат ду, стенца доьзна делла шуна и?
- Баркалла, Дела реза хуьлийла шуна а! Адамийн бакъонаш ларъярехь доккха дакъа кхачорна аьлла, делла тхуна и совгIат. Кавказ центран инициатива организацина а, "Дош" журнална а делла ду-кх и. Къилбаседа Кавказехь "Дошца" а, кхечу организацешца а оха беш болу болх а, цхьацца проекташ а ю-кх цара тидаме эцна.
Тхайн журанлан агIонаш тIехь оха язъеш йолу Кавказан регионашкахь лаьтта проблемаш, адамийн бакъонаш ларъярехь хIуьтту проблемаш а ю цу юкъахь, социалан проблемаш а ю, ма дарра дерриг дIадовзуьйтуш, болх бу оха бийриг. Тхуна-м башха даккхий хIуманаш тхаьш дина аьлла а ца хета, делахь а, Франицино ишта мах хадийна-кх тан белхан.
- Дуьххьара совгIат дара хIара журнална делларг?
- Дуьххьара совгIат дац хIара кху деношкахь делларг. 2009-чу шарахь а "Доза доцу репортераш" Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацино а билгалдаьккхинера "Дош" премица, цул тIаьхьа, 2010-чу шарахь а елла тхуна дуьненаюкъара кхи цхьа преми, 2012-чохь а толам баьккхира оха.
- Мегар дуй шун журнал маьршачу прессех дIатоха?
- Мегар ду. Цу юкъа даха хьакъ ду аьлла хета суна и, хIунда аьлча, оха яздийриг цхьана а политикан партица, я цхьанна а политикан боламашца догIуш дац. Тхан коьрта Iалашо а, оха беш болу болх а, я дехьа, я сехьа, цхьанга а озабезамаш а ца беш, хьал ша ма дарра довзийтар, цхьа стаг схьалаьцча а, цуьнан некъахь йолу халонаш, цо бохучу кхиамех, йолчу проблемех а… И дерриге а ма дарра дIагайтар - и ю-кх тхан коьрта Iалашо!
- ТIаккха хIун бахаьанаш ду Кавказан журнал даймахкана букъ а тухуш, Москох арахецар?
- Иштта нисделла ду и тхан дуьххьара дуьйна а. Москохарчу бакъонашларъяран центрехь болх беш вара со а, сан накъост Исрапил а ("Дош" журналан коьрта редактор Шовхалов Исрапил, редакцин билгалдаккхар) 17 шо сов хан ю оха цигахь болх бен.
Оцу бакъонашларъяран центран цIарх арадаккха долийнера оха и журнал. И центр дуккха а дуьненаюкъарчу организацешца партнераллехь а йолуш, йоккха юкъаралла ю. Къилбаседа Кавказера болх беш оцу юкъахь организаци цахиларна, схьадиллина дара юьхьанца и журнал 2013-чу шарахь.
2010-чу шарахь организаци кхоьллира оха, коммерцица йоьзна а йоцуш, Кавказан инициативан центр аьлла. И организаци ю журнал кхоьллинарг. Цундела ду-кх и тхан Москох арахоьцуш а. Делахь а, Соьлжа-ГIалахь а, йоллу Нохчийчохь а, кхечу Къилбаседа Кавказерчу мехкашкара а бу тхан корреспонденташ, белхахой. Журналан арахецар Москох делахь а, берриг болх Къилбаседа Кавказехь беш бу-кх оха.
- Кхо шо хьалха ГIалгIайчохь "Дош" журнал даржо дихкинера шуна. Стенца доьзна дара и?
- ГIалгIайн махкахь аьлча а, йоллу республикехь яцара тхан проблемаш. Оцу мехкан аэропортехь дика дIаоьцуш дара тхан журналаш. 2012-чу шарахь нах идош, тIепаза бойучу хенахь журналан агIонехь оцу хиламийн хроника яра оха тIетоьхна. Цунна реза дацара Iедал, аэропортан белхахоша тхоьга дийцарехь.
ФСБ а, прокуратура а схьаеана, доллу журналаш дIадаьхьинера цара. Цул тIаьхьа дуьйна дихкина ду-кх оцу аэропортехь журналаш дохкар. Вуьшта кхечу меттигашкахь дIа а хьош, духкуш ду и журналаш. Бакъонашларъярхойн организацешкахула а цхьана даржош ду оха. Аэропортехь ца дохкийтахь а, нахе дIа ца кхочуш ца дуьсу "Дош".
- Кавказан кхи цхьана а регионан Iедалша дозанаш деттий шуна?
- Дера хуьлу, кхечу республикашкахь а ма хуьлу тхан цхьацца кепара дуьхьалонаш. Журнал тIера цхьацца материал цатайна меттиг а нисло. Проблема гена ялале, йийцаре а йоккхий, дерзош меттиг а нисло. цхьаццанхьа дийца йиш йоцуш а дуьсу тхан, вайн регионашкахь башхаллаш ю яккхий. Амма и журнал даржорехь халонаш ца хуьлу тхан. Арадаьлла бутт а балале, кхачайо цуьнан лоьмарш.
- Цхьана журнал тIехь сецна ца Iаш, аш 2013-чу шарахь арахоьцу "Зудчун дош" кхи цхьа керла журнал а. Кавказан зуда цкъа а маьрша ца хилла шена хетарг хеззаш дIакхайкхо. Ткъа шун жураналан зударша-турпалхоша стенах лаьцна дуьйцу?
- И проект муха йолаелира аьлча, 2012-чу шарахь дара и. Партнераш бу тхан, халчу хьелашкахь нисбеллачу зударшна гIо-накъосталла латтон Iалашонца "Синтем" цIе йолу организаци а кхоьллина, болх беш. Цаьрца цхьана йолийна проект яра и, леррина зударшна журнал арахоьцур ду аьлла.
Зударийн проблемаш дискуссин майдана яха лаамца йолийнера и проект. Зударийн юкъараллехь болу меттиг, церан пролемаш, халонаш, балхаца, хIусамехь нислучух дийцина ца Iаш, церан мах а хадош. Дино бохург, Iадато муха магадо, массо а агIор и теманаш йийцареян лаьара тхуна. Ма моьтту, шен-шен рожехь арахецар ца нисло тхан оцу журналан,
- Iабдул, нохчашлахь кегийрхоша юкъаяьккхина цхьа забар ю-кх, "нехан ахча лелачахь, сан дош лела" бохуш. Цунна а дайна, хIокху харцонан, коррупцин, адамийн бакъонаш цхьана а хIуман меха ца хетачу пачхьалкхехь шун "Дош" леларан коьрта бахаьанаш муьлхарнаш го хьуна.
- ХIинца ас аьлча-м, мел а тхаьш хестош, бохуш санна хета суна. Делахь а, уггар а коьртаниг, хIокху 17 шарахь оха лардан гIертарг, тхайна билггал хууш доцург цаяздар, амма хууш дерг къайла ца дахьар. Уггар коьрта и ши принцип ю тхан белхан. Цундела хир ду-кх тхан "Дош" лелаш…