Юха а дазделла биткоин

Архивера сурт.

Шотдийнахь кхин а дазделла биткоин олу криптовалюта. Цунна тоьшалла ду Coinmarketcap криптовалютийн биржано бина хаам.

CoinDesk сайто дийцарехь, ГIура-беттан 16-чу дийнахь биткоинан мах хIоьттинера 18 018,4 доллар. Цул тIаьхьа иза жимма дайделла.

Москох 14:30 хан йолуш цуьнан курс яра 17 989, 3 доллар.

17 эзар доллар даккха доладелла биткоинх кху беттан 8-чохь дуьйна.