Your browser doesn’t support HTML5
Сатуев Хьусайн
Ца йирзина чевнаш
Iаьржа денош генадевли.
Ерза кхии мехкан чевнаш.
Йирзи туьро, тоьпо йинарш,
Дагна йинарш ма ца йирзи.
Дуьне мел ду баржабина,
ХIаллак хилла доьзалш бисна.
Нана лоьхуш, бераш доьлху,
Бераш лоьхуш, нана йоьлху.
Нанас берех дог ца дуьллу,
Уьш набарах дуьхьалтуьйсу,
ТIеман денош гена дийларх,
Ненан даг чохь тIом ца тийна.
Нана лоьхуш, бераш доьлху,
Бераш лоьхуш, нана йоьлху.
ДогIмийн чевнаш ерза кхиъна,
Дегнийн чевнаш лаза йисна...