Your browser doesn’t support HTML5
Кхаарийндийнахь 3 шой 10 буттий хан набахтехь а яьккхина, маьрша валийтина Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президент Кутаев Руслан.
Цо хан яьккхинчу Ноьвр-кIоштарчу Чернокозово олучу набахтин кетIахь гулбеллера Iуьйрана дуккха а нах. Иза делкъа хан хуьлучу хенахь араваьлча, цигахь 50 гергга стаг вара: гергарнаш, накъостий, журналисташ.
Массара а набахтин кертара араваларе сатуьйсуш хиллехь а, ца магийра цунна Чернокозовон хьаькамаша.
Гарехь, набахте баьхкинчу Соьлж-гIаларчу полицин куьйгалхоша дихкинера набахтен кевнашкахь гIовгIанаш яха.
Набахтин куьйгалло, бертера дIадовлар дийхира гулбеллачаьрга.
Набахтин кетIара Кутаев Русланан гергарчо шен машен чу а хаийна, дехьо лаьттачу дуьхьал баьхкинчарна герга кхачийра Руслан.
Воьхна гуш вацара Кутаев, мелхо а нехан дог-ойла айъеш къамел дира цо: "Ассаламу Iалайкум! Делера маршалла хуьлда шуна, Дела реза хуьлда массарна! Кхуза схьа а даьхкина къа-м хьегна аш. Дала мукълахь, цIа а веъна, цIахь дист а хуьлуш Iийр ду вай. Дала шен дуьхьа дойла аш лелийнарг".
Набахтера араваьлча, кхиъ цхьа шо полисхойн тергонехь даккха деза Кутаев Русланан. Оцу заманчохь цуьнан вахар-вар дихкина хир ду. Йиш хир яц я политикан а, я юкъараллан а белхаш бан.
Кест-кеста полисхойн декъехь, ша махкахь хиларна тоьшаллина, куьйг а язда а тIе а воьдуш, хан яккха дезар ду Кутаев Русланан.
Паспортан тIехь регистраци Ивановн кIоштехь йолу дела, сихонца ша цига кхача веза бахара Руслана, цигара гIуллакхаш дерзо.
Амма дагчу шеко кхуллу, иза махках валар шарна дIадахделла ца Iаш, кхиъ еххачу ханна хила тарло аьлла.