Дахначу кIирандийнахь къаьркъа оьцуш лаьцна ши стаг дIахецна аьлла, яздо "Кавказан узел" агенталло. Ницкъаллийн структурийн белхахоша информаци тIе ца чIагIйина.
Бутт карабеачхьана Соьлж-ГIаларчу туьканашкахь, "Лента" супермаркетехь а цхьана дихкинера маларш дохкар.
КIиран Iуьйранна "Лента" олучу туьканара масех къаьркъан шиша а эцна араволучу хенахь, лаьцна дIавигинера полисхоша ши стаг аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле махкарчу Мурад цIе йолчу вахархочо.
"Эца магийначу сахьташ юкъахь эцна доллушехь и къаьркъа, лаьцнера и шиъ. Маларш оьцу туьканашкара оьрсийн тIеман барзакъ доьхначу наха а, церан зударша а, амма уьш дIалоьцуш бац", - аьлла дийцина оцу хьосто.